Нохчийчуьрчу зудчо шен бер "сагIийна далар" толлуш ду Нальчикехь
Дукха хан йоцуш бер динчу Нохчийчуьрчу яхархочо иза "сагIийна делла" доьзалхо воцучу ГIебартойн-Балкхаройчоьнан Урванан кIоштарчу яхархочунна.
Кхело сацам бина и зуда талламан изоляторе хьажо. Нагахь беран нанас низам дохийна хилар тIечIагIдахь, иза набахте хьажор ю 10 шаре кхаччалц хан а тоьхна.
