Европера цхьамогIа пачхьалкхаша арабаха мегаш бу Оьрсийчоьнан дипломаташ
Европан Кхеташонан президенто Туск Доналда шен "Твиттерехь" йолчу агIона тIехь хаам бина, Европа ерриг а ю Британина хетарг хеташ аьлла.
Цул хьалха хаам баьржира Евроберто Москохара дIакхойкхуш ву шен векал аьлла.
Брюсселехь хиллачу цхьаьнакхетарехь Скрипална а, цуьнан йоIанна дIаьвшен тIелатар дар хьокъехь Британин премьер Мэй Тереза дагаелира Германин канцлерца Меркел Ангелица а, Францин президентаца Макрон Эммануэлца а. 20 минотехь дахделлачу цу цхьаьнакхетарехь шина пачхьалкхаш лидерша хаийтира шаьш цу хаттарехь Британин гIортор йийр хиларх лаьцна.
