Нохчийчуьра шира эвла Хой меттахIотто йолийна
Веданан кIоштан электрикаша Къоьзан Iомана гена йоццучу Хой олучу эвлахь дIатийса долийна тоькан серий. Цигахь археологашна керийна 2,5 эзар шераш хьалха хиллачу таллархойн садоIу меттигаш.
Къаноша дийцарехь, мохкбегийча беллачу лулара тIебаьхкинчу бахархоша йиллина хиллера Хой эвла. 1867-чу шарахь ши эзар стаг чохь вехаш, 200 хIусам хилла оцу эвлахь.
2008гIа шо тIедаллалц еса лаьтташ хилла Хой. Махкарчу Iедалхоша цIенош дан долийра цигахь, шайн дай баьхначу юьрта юхабахка луучарна лерина. Административан центран статусе я яьккхира Хой.
