Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш кхи а шарна дIаяхйина Iамерко
ПIераскандийнахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда кхи а цхьана шарна дIаяхйина Украинерчу конфликтна юкъагIортарна Оьрсийчоьнна тоьхна хилла санкцеш.
КIайчу цIийнан пресс-гIуллакххоша билгалдоккху, Оьрсийчоьнан Iедалша дIахьочу политикано йохайо Украинехь демократин процессаш а, институташ а, кхерамаш туьйсу дуьненна а, кхерамзаллана а, суверенитетна а. Дуьйцург ду ГIирмина йина аннекси а, Оьрсийчоьно шайн ницкъаш Украине хьовсор а.
Дуьххьара 2014-чу шарахь президент хиллачу Обама Барака ехира Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш.