Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах 24 стаг велла. Цомгуш хилла кхин а 285
ТIьаххьарчу дийнахь-буса коронавирус карийначу нахах Къилбаседа Кавказехь велла 24 пациент, уьнах цомгуш хилла кхин а 285 стаг. Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь 12 велла, Ставропол-махкахь - ялх, Кхарачой-Чергазийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а шишша, ГIалмакхойчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а цхьацца велла. Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь уьнах велларг верриг а ву 10 588 стаг. Краснодар-мохк + 96 (48 717 ерриг хенахь) Ставропол-мохк + 59 (54 978) Дагестан... Читать дальше...