Twitter-о даиманенна йихкина Трампан аккаунт
Твиттер компанино пIераскан сарахь дIакъевлина шен социалан машанера Американ Цхьаьатоьхначу Штатийн президентан Трамп Дональдан аккаунт – 88 милиион стаг вара цуьнга язвелла. Амма официалехь президентан лору агIо яц юьйцург, ю Трампан шен Твиттерера аккаунт.
Ша арахецначу дIахьедарехь корпорацино боху, "@realDonaldTrump аккаунтера йозанаш а, уьш машанехь кхетор а муха нисло теллинчул тIаьхьа оха сацам бина, къепедацарш ца даржийтархьама, даиманенна и аккаунт дIакъовла".
Кху беттан 6-чу дийнахь Трампан агIончаш Капитолийна тIелатар а, цигахь адамашна зен дар а зуьйш, бехкенаш схьалохуш бу Штатийн низамхой.
Днмократаша а, цхьаболчу республиканхоша а бехкбуьллу Трампна шен агIончаш цо низамца йогIуш йоцчу акцешка арабахарна а, президентан харжамашкахь тоьллачу Байден Джон болх кхерамна кIел бахьарна а.
Официалехь йолу Американ Штатийн Твиттерера президентан Трампан аккаунт тахана а ю маьрша, шех пайдаэца торуш, амма оцу агIонехь наггахь бен ца до йозанаш-твиташ.
Хьалхо Трамп Дональдан агIонаш оццу бахьаница къевлира Facebook, Instagram машанаша.