Джумаевс дийцина, мича бахьанашца лата вуьйлира ша омонхойх
Москвахь Навальный Алексейгахьа болчу наха хIоттийначу митингехь омонхошна дуьхьал тасавеллачу университетан дешархочо Джумаев Сайд-Мухьаммада дийцина, шен девне валарх. "Сан кхетам бацара, иштта доьрзур ду аьлла. Цхьанна а чов ян Iалашо яцара сан. Нахаца харцо лелош гира суна, гулбеллачех дIа а кхетта, со мохь бетта вуьйлира, тIаккха царех тасавелира. Цхьанадекъан сайн бехк хиларна къера ву со, хIунда аьлча, хIетахь дерриг а цхьа кхечу тайпа гора суна", - аьлла, дийцина Джумаевс "Московский комсомолец" газетан корреспонденте. Читать дальше...