Паьнказхоша амнисти йоьху террорхочунна Чатаевна гIодарна набахти токхучарна
2017-чу шарахь терроризманна аьтто барна набахте хьийсийначу шайн махкахошна Iедал амнисти яре кхойкхуш, пIераскана протестан акце гулбелира Гуьржийчуьрчу Панказара бахархой Дуиси юьртахь, яздо "Эхо Кавказа" сайто. Хьехораш бу паьнказхой Горнакашвили Зураб, Алдамов Руслан, Маргошвили Рамаз – террорхочунна Чатаев Ахьмадца уьйре бахарна йинчу кхелаца 10-12 шераш токхуш бу уьш набахтехь. Протестхошна хетарехь, и нах мукъабаха беза тIедогIучу кIиранах Гуьржийчоьнан парламенто дийцаре дуьллучу амнистех долчу низаман буха тIехь. Читать дальше...