ГIалгIайчуьрчу СултыговгIеран а, ТимурзиевгIеран а цIийнах болчу наха маслаIат доьху
ГIалгIайчуьрчу СултыговгIеран а, ТимурзиевгIеран а тайпанийн векалша дехар дина Соьлжа-гIалахь шайн воIарийн карах веллачу Джабраилов Мохьмадан цIийнах болчу нахе, шаьш тIедитахьара маслаIатан дийцарш доло аьлла. Шуна бIегIийла доллучу дийнахь шаьш тIедахка кийча ду аьлла, дIахьедина цара. Иштта, цара кадам бина веллачух, маршалла хиларе сатуьйсу шаьш аьлла лазийна, дарбанан цIийнехь Iуьллучунна а. Соьлж-ГIали юккъехь шайн шина кIанта ППС-н белхахошна дина тIелатар шьаш емалдо аьлла, дIахаийтина ГIалгIайчуьрчу тукхамо. Читать дальше...