123ru.net
World News in Chechen
Январь
2021
1 2
3
4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
17
18 19 20 21 22 23
24
25 26 27 28 29 30 31

Новости за 20.01.2021

Байденан инаугураци хилла Вашингтонехь. Американ Штатийн 46-гIа президент ву иза

Radiomarsho.com 

Вашингтонехь бирзина Лахьан-беттан 3-чохь президентан дарже хаьржинчу политикан-демократан Байден Джон инаугурацин барам. Байдена Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн халкъана а, Конcтитуцина а тешаме хила дуй биъна Капитолийна хьалха шена тажтуьллучу барамехь. Цуьнца цхьаьна инаугурацех чекхъяьлла вице-президент хаьржина йолу Харрис Камала а. 78 шо долу Байден Джо ву Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн исторехь президентан дарже боьлхучу политикашлахь ханна уггаре воккханиг, 46-гIа коьрта куьйгалхо ву иза Американ оьмарехь.

Бютукаев вийна, БуьритIехь зуда ер толлу, ткъа Оьрсийчоь «ковид-паспортех» къехка

Radiomarsho.com 

Амир Бютукаев а, цуьнан тIемалой а байъарх лаьцна дIахьедина Кадыровс; Къилбаседа ХIирийчохь зуда йийначунна 19 шо хан тохар дехна прокуроро; 59% Оьрсийчоьнан бахархой дуьхьал бу "ковид-паспорташна"

Нохчийчоь-2020: Iазапаш, нах байъарш, лерина операцеш

Radiomarsho.com 

Стохка Нохчийчохь лечкъийра Iедална муьтIахь боцу нах, бозуш боцчу блогерийн агIончашна тIаьхьабевлла а лийлира, ницкъбира меттигерчу бахархошна, холмачалла лелийнарш пачхьалкхан телевизионе а балош, цаьрга гечдарш дехийтира. Иштта, федералан бюджетан ахчанех гIишлош йира, ткъа дуьйцура, уьш Кадыров Ахьмадан цIарахчу Фондан чоьтах хьалайина, бохуш. Кавказ.Реалиин материалехь дуьйцу шеран коьртачу жамIех лаьцна.



Амир Бютукаев а, кхиболу тIемалой а байъарх лаьцна дIахьедина Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь хIаллакйина тIемалойн тIаьххьара тоба, шеца амир Бютукаев а волуш, дIахьедина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Лерина операци дIаяьхьна Соьлжа-ГIалина 30 километр юьстах йолчу Котар-Юьртахь. "Дукха хан яра лерина операци Iалашоне йиллина. Ас айса дакъалаьцна иза кечъеш, говза кхочушйина операци цуьнан куьйгалхочо Чалаев Замида. Бандтобан шозза аьтто белира, тIом ца беш, къелхьаръяла. КхозлагIа араяьллачу Кадыров Ахьмад-Хьажин цIарх йолчу полках къайла ца бовлабелла уьш", - яздина Кадыровс шен телеграм-каналехь. Читать дальше...

Полисхоша шаьш лецначарна дуьхьал нахе мехах тоьшаллаш дойту чаташ лелайо

Radiomarsho.com 

"Коммерсантерчу" журналиста Королёв Никитас йовзийтина къевлина лелош йолу полисхойн чат – 1-3 эзар соьмах тоьшаллаш дан студенташ лоьху ницкъхоша оцу чухула. Королевс дийцарехь, чатехула администратораша полисхошна кхечу кепехь гIодийриг а ло ахча: бехктакхаман гIуллакхийн суьрташ дахарна, лецначийн догIамех я цIийнах хьовсуш тоьшалле хIоттарна. Чатехь дакъалоцучу 280 стагах дукхаберш студенташ бу. Цхьамма царех дийцина журналисте, ша ш оду полицина гIуллакх ден, цо кхайкхинчу меттигашкахула Москвахь дIасалела, аьлла. Читать дальше...

38 стаг велла, кхин а 1099 цомгуш хилла уьнах Къилбаседа Кавказехь

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь 38 пациент велла коронавирусах. Цомгуш хиллачийн терахь хьалакхиина кхин а 1 099-нна. Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабо бахарехь, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгар а йолуш велла 19 стаг, Дагестанехь – 8, Ставропол-махкахь – 7, ГIалмакхойчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – шишша. Пандеми йолаелчхьана Къилбаседа Кавказехь уьнах велла боху Iедалан статистико 6527 стаг. ТIаьххьарчу 24 сахьтан а, юхьанца схьа долу а цомгушчийн терахьаш: ... Читать дальше...

Ден дуьхьа а, кIентийн дуьхьа а. Кадыровс стенна ийзабо нах шен доьзалхойн аккаунташка язбала

Radiomarsho.com 

Инстаграмехь шаьш гIарадийла лаьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кIенташна. Церан и проблема йерзо хьоьвзира 21 шо долчу блогеран Литвин Михаилан гIоьнца. Кадыровн гергара нах шуьйра бевзаш бу аьлла, сурт хIоттон гIертар дуьххьара дац. Яхначу гурахь рэпер Моргенштер лаьцнера цара мехах и болх бан. ХIора Кадыровн доьзалхочун аккаунт яржорхьама хIораннах а 400 эзар сом ахча деллера. Цуьнан гергара нах кест-кеста меттигерчу телехьожийлехь гучубохуш, пачхьалкхан урхаллийн сайташкахь декъалбеш лаьтташехь... Читать дальше...

Къилбаседа ХIирийчохь зуда йийначунна 19 шо хан тохар дехна прокуроро

Radiomarsho.com 

БуьритIерачу Советан кIоштан кхело жоьпе озийначу, 2019-чу шеран гурахь шегахь марехь хилла Гагиева Регина йийначу 32 шо долчу экс-полисхочунна Техов Вадимна набахтин луьрачу хьелашкахь такхийта 19 шо дехна прокуроро. ГагиевгIеран адвоката Шевелева Викторияс дийцира Кавказ.Реалиига оццул хан масийтта зулам дарна йоьху, аьлла: къола дарна, масех стаг вен гIортарна, еттарна, адам дерна. "Кхел къевлинчу хьелашкахь дIахьош ю, цундела дукхахдерг дийца бакъо яц цкъачунна. Сацам кхело кIира даьлча тIеоьцур бу. Читать дальше...

Хаттам: 59% Оьрсийчоьнан бахархой дуьхьал бу "ковид-паспорташна"

Radiomarsho.com 

Вакцина тохийтинчу а, коронавирусах цомгуш а хилла, тобеллачу а наханна "ковид-паспорт" олу документаш юкъадохийла ца лаьа пачхьалкхерчу ах сов бахархошна. Оцу хьокъехь хаам баржийна РБК агенталло, SuperJob портало бинчу хаттаман жамIашна тIе а тевжаш. И тайпа документ юкъадаккха долош ерг ю Башкири. Иза оьшу аьлла хетарш бац I2% нах бен, ткъа 59% бахархой дуьхьал бу, 29%-на ца хаьа шаьш муха тIеэца деза юкъадоккху документ. Цамгарх иммунитет яьллачаралахь а, вакцинацех чекхбевллачаралахь а бу "ковид-паспорташна" дуьхьал нах – 55%. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Пункты проката спортинвентаря откроются в парках Москвы 1 мая


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Елена Рыбакина стала чемпионкой турнира WTA-500 в Штутгарте


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Мокрый фасад: как сделать отделку по технологии СФТК





Путин в России и мире
Москва

МИД РФ иронично прокомментировал высказывание Шольца о Путине и Канте


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

В Минске открывается ВНС: что будет




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Во Франции назвали бредом слова Зеленского про угрозу Путина Европе


Навальный в России и мире
Москва

В РПЦ отказались называть причины запрета в служении иерея Сафронова, отпевавшего Навального



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Борис Гребенщиков

Борис Гребенщиков сообщил, что не знает, кто такой Богомолов



Москва

Рябков: потенциальные ядерные объекты в Польше станут военной целью РФ

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net