Кадыров Рамзанан цIе туьллуш ю Соьлжа-ГIалин Ахматовски кIоштарчу маьждигна
Нохчийчохь хиндолчу рогIерчу маьждигна буха капсула йиллина Соьлжа-ГIалахь. Хир ду и маьждиг гIалин Ахматовски кIоштахь, цIе туьллур ю Кадыров Рамзанан, хаам баржийна "Чечня сегодня" агенталло.
2 стаг чутарлуш хир ду маьждиг. Нохчийчоьнан Iедалан хаамийн гIирсаша дийцарехь, Кадыровн цIе цунна туьллийла лиинарш бу "мехкан куьйгалхочун го а, регионан бахархой а".
Нохчийчохь 346 урамна техкина мехкан таханлерачу куьйгалхочун а, цуьнан гергарчийн а цIераш. КадыровгIар схьабевллачу меттигна ярташ герга мел хуьлу а алссам тохку и цIераш.
Кадыров Рамзана ша бахарехь, мехкан шахьарарчу Ленинан кIоштах Ахматовскии кIошт яр къобалдина Нохчийчохь и гIуллакх дийцаредеш дакъалаьцначу нехан 98,07% декъо. Хьалхо цIе хийцира КадыровгIар схьабевллачу Цоьнтара юьртан – хIинца иза ю "Ахмат-Юрт".
2020 шарахь Американ Цхьаьанатоьхначу Штаташа санкцийн тептара язвина Кадыров Рамзан махкахь адамийн бакъонаш хьешарна. Оццу тептарахь ю цуьнан зуда Кадырова Медни а, ши йоI Iайшат а, Карина а. Царна доьхку Штаташка баха а, цигахь бизнес-юкъаралонаш лело а.