Дагестанехь некъан бохамехь хиллачуьнга гечдар дехийтина Кадыровн векалша
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь зорбане даьккхина Дагестанерчу некъан бохамехь хиллачо гечдар дехийтар. Видео тIехь цуьнан цIе йоккхуш яц. "Сийсазалла а, маьттазалла а соьгахьара нийса яцара цхьана а агIор. Гуттар а цунна дуьхьал хилла а ву со. Цундела Делан дуьхьа, айса аьшнашбинчарна хьалха гечдар деха луур дара суна. Вежараллин къаьмнашна юкъахь фитнан (барт бохор, бунт – редакцин билгалдаккхар.) бахьана сайгара хила ца лаьара суна",- аьлла видеороликан авторо. Читать дальше...
