Казахстанехь кема охьадоьжча кхелхина 12 стаг, 49 лазийна ву
Алматына гергахь Bek Air кема охьадоьжча кхелхина 12 стаг. Лазийна ву 49. Цунах лаьцна хаам бина Казахстанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан орцаллан комитето. Цу нехан цIерш йовзийтина зорбан гIирсашна.
КемантIехь хилла 93 некъахо а, 5 стагах лаьтта экипаж а. Кхелхинчарна юкъахь ву кеманан командир Муратабаев Марат.
Кхечу пачхьалкхара 4 стаг хилла доьхначу кемантIехь – Украинан 2, ГIиргIизойчуьра а, Китайра а цхьацца стаг а. Уьш берш дийна бисина, хаам бина чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.