Маршо Радион тIаьххьара керланаш (30.12.2019)
Киллер шен эксархойх хийцина Зеленскийс, ХьаьжцIа кема лелар ду, БIов къовсуш стаг вийна ГIалгIайчохь (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Киллер шен эксархойх хийцина Зеленскийс, ХьаьжцIа кема лелар ду, БIов къовсуш стаг вийна ГIалгIайчохь (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Африкерчу Нигер пачхьалкхан къайлахчу сервисо Оьрсийчуьра вогIу ши стаг лаьцна кеманца шайн махка воьссинчул тIаьхьа. Оцу хьокъехь «Кавказ.Реалиига» хаийтина Iеламчас-дагестанхочо Ахмеднабиев Исраила (Сиситлинский Абу Iумара). Ишта хаам кхачийна Ахмеднабиевс куьйгалдечу фондан белхочуьнга Нигеран векалша. И нах ша вен баьхкина хилла, боху Ахмеднабиевс. "Цара (Нигеран къайлахчу серисан белхахоша – ред.) юхахьовсийна и нах, махка чу а ца буьтуш – хиина уьш диканна баьхкина боцийла», - боху Ахмеднабиевс. Читать дальше...
ГIалгIайчуьрчу Соьлжехь (хьалхо Орджоникидзевки олуш хиллачу) юьртахь яхначу буса герзаш детташ иккхинчу девнехь вийна махкара вахархо Евлоев Асламбек. Оцу хьокъехь «Кавказ.Реалиига» хаамбина меттигерчу бахархоша. Йовлой а, Полонкой а тайпанашкара божарий къовсабелла ламьнашкарчу Пхьалингера бIаьвнаш хьенан ю къастош. Социалан машанашкахь болийна къовсам, цхьаьна а кхетта, цIийне бирзина цара тIаьххьара а. Полонкойх човйина, дарбан хIусаме кхачийна цхьа стаг. Веллачу Евлоевх дисина кхо бер. ... Читать дальше...
Utair компанин кеманаш лелар ду СаIудийн Iаьрбийчу. Хьалхара рейс йина кху кIирандийнахь. "100% дуьзина дара ХIинжа-ГIалара гIаьттина кема. Джиддера ХIинжа-ГIала иза юхадогIур ду Дечкен-беттан 10-чохь. Шина кIиранах цкъа лелар ду кеманаш», - аьлла нах ХьаьжцIа лелочу "Марва-тур" компанин инарла директора Курбанов Булата ТАСС агенталле. Курбановс бахарехь, нагахь санна дIасабоьлхурш совбовлахь, хIора кIиранах лела а тарло кема. Цунна хетарехь, Къилбаседа Кавказера Джидде кема доьдуш хиларо аласамбохур бу ХьаьжцIа боьлху нах.
Маршо Радион корреспондента теллира, нохчех йоцу зуда ялор а, кхечу къомах волучуьнга нохчо яхар а муха туьду Соьлжа-ГIаларчу кегийрхоша. Кеп-кепара дара жоьпаш.
Массех де ду Соьлжа-ГIалин а, кIошташкара а бахархой мехкан Коьрта Базалг лаьттачу майдана лела. 40 метр лекха а, 11 метр шуьйра а ду База. 8 эзар тайниг а, 6 километр гирляндаш а оьхкина цунна тIе, мэрино бечу хаамца.
Донбассерчу сепаратисташа лецна латточу шен эскархойх хуьйцучу йийсархойн тобан декъа а вахийтина, мукъавалийтина Украино 2017-чу шеран аьхка шен бIаьхой Осмаев Адам а, цуьнан зуда Окуева Амина а ден гIоьртина Денисултанов Артур. Оцу хьокъехь хаамбо 112.ua телеканало а, Liga.net портало а, цхьамогIа кхечу хьостанаша а. Украинерчу талламан изоляторехь шена догIу таIзар лардеш 1,5 шо даьккхина Денисултановс, амма Донбассерчу йисархойх дIа а тоьхна, иза дIавала кхо де дуьсуш дIабаьхна цунна тIера массо а бехкаш. Читать дальше...
Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).
123ru.net — живые новости в прямом эфире!
В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.