Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Декабрь
2019

Новости за 09.12.2019

Хорват а, нохчо а хилла Венехь «талор дан кечлуш»

Radiomarsho.com 

17 шо долу нохчо а, 14 шо кхаьчна хорват а вигина полице, социалан машанашкахь, шаьш Венерчу школашна а, транспортан социйлашна а, полицин хIусамашна а, сила йолчу Зеештадт кIоштанна а тIелетар дан воллу, бохуш, фейк-суьрташ даржорна. Цара Snapchat, Instagram, Twitter машанашкахула шаьш даржочу суьрташна бухахь дозаллица «хоуьйтуш» хилла шаьшшиъ «Исламан пачхьалкхан» бIаьхо хилар. Юьхьанца оцу маьIнехь информаци цара машанашка яьккхича, лаца аьтто ца баьлла и ши кIант - Зеештадт кIоштахь 15 шо... Читать дальше...

Нохчашка – Венерчу форумо: «Ма мотталаш шаьш кхузахь хьашт дац»

Radiomarsho.com 

Дуьненаюкъарчу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацерчу Интернационалан юкъаралло «Вай» цIе йолу проектан барам дIабаьхьина Венехь, хаамбо "Кавказ.Реалиин" корреспонденто. Барамехь дакъалаьцна меттигерчу нохчийн доьзалшкарчу 15 йоIа. Цхьацца семинарашкахь цара йийцарейина «Даймохк а, керла меттиг а», «Къоман хотIехь дахар», «Дин а, гIиллакхаш а», «Къаьмнаш бахьанехь хуьлу дар-дацарш» цIерш йолу теманаш.Массех бутт бара 14-18 шераш долу нохчийн мехкарий говзанчаша дIахьочу тренингашка лела, хIинца хиллачу барамехь дакъалаца кечлуш болу. Читать дальше...

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (09.12.2019)

Radiomarsho.com 

Кавказхой - «сакхтех цIена нах», КадыровгIеран бахамаш гайтарна – таIзар, Клуберчу хехочунна герз тоьхна нохчочо (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).



Гайтукаева Бана. "Баркалла хьуна..."

Radiomarsho.com 

Гайтукаева Бана "Баркалла хьуна..." Баркалла хьуна, Соьга ахь ца яздеш дисинчу кехатна, баркалла. Сан лазам, цуьнан цIе Цкъа цкъа а Iемар яц, Беза бу цуьнан мах, Дахарца къоьвсина баьккхина. Баркалла хьуна… Цуьнан аьхь цIена ду – Цундела ма бу и лазам. Баркалла хьуна… Хьан лазам цкъа а ма лазийла..

Гайтукаева Бана. "Со кхоьруш лелашехь..."

Radiomarsho.com 

Гайтукаева Бана "Со кхоьруш лелашехь..." Со кхоьруш лелашехь хьан бIаьра хьажа, Сан ирс, хьо лачкъий-кха кхечо, Вайн некъах биси-кха беккъа цхьа лазам, Со лоьхуш лелашехь гечо. ДIаяхна сан сийна бIаьсте, Ас мичхьа лаха хьо, мичхьа? ХIумма а нислур дуй со кхайкхарх хьоьга, Сан дагна хьехна Iуьйре? Хьан бIаьра а хаьжна, даре дан кхоьруш, Ас сайха къехкийна суьйре? Ма чIогIа гIелъелла хIоьтти хьо Тахна сан уьйтIа, Хьайн къоьжа месаш а охкийна, Стиглано схьагулъеш ойланаш сийначу куча... Читать дальше...

Гайтукаева Бана "Со ца теша..."

Radiomarsho.com 

Гайтукаева Бана "Со ца теша..." Со ца теша,со ца теша Цу хьан бIаьргех кхин, ДIахаалахь, ас кхин цаьргахь Безам лоьхур бац. ХIинца кхийти со вайн дегнийн Ас лехначу цIарах, Иза лезна кхачаделла, и хьуна-м ца ги. ДIахаалахь, ас кхин хьоьга безам боьхур бац. Кхин сатуьйсуш со хьоьжур яц Цу хьан кехате. Лазам артбеш, сан белшаш тIе Йижна шийла кIац, Хила а хилла со ахь айхьа кхоьллина, Марша Iойла! Сирла хуьлда И лазам а хьан. Кхин сатуьйсуш со ца хьоьжу Цу хьан кехате.

Гайтукаева Бана. "Малх сихъиккхина..."

Radiomarsho.com 

Гайтукаева Бана *** Малх сихъиккхина, Суьйре цIейелча, Хьо шех хервина Сайн дог чIагIделча, НеIарш къовлу ас, зайлаш доьхкина, Хьоь дог даха сайн Лаам бихкина, Буьйса дIагIур ю, Сан сих дакъош деш, Цу хьан бIаьрсино Лаьцна аьрха йоI, Цу хьан бIаьрцIарлахь Поллах хьоьвзар ю. Цунна дицлур ду Ша хьоьх довхо вар, Малх сиха бахана, Суьйре цIеялар. Безам бахна дог – Иза-м полла бай, Хьан бIаьрцIарлахь дерг – Цуьнан дуьне дай…



Арсанукаев Шайхи "Ненан доIа"

Radiomarsho.com 

Ненан доIа...  Арсанукаев Шайхи Моьттура суна сайн  Къанъелла нана  Ехаш ю, ца бевзаш  Дуьненан бала.  Доьзалан дезарша  Хьулйина ане,  Ца хаьа заманах  Ойлане яла.  Амма, цкъа сатоссуш Хезна цхьа тийна  Шабарш, со дIахьаьжча –  ХIоьттина гора,  ДоIанехь куьйгаш шен  Стигал кховдийна,  Ницкъболчу АллахIе  Дехарш цо дора.  Iара со тапъаьлла,  Ненах цецваьлла,  Дехарехь дегочу  Озе ладоьгIуш.  Ткъа нана-м, хьесталуш  Везачу Далла,  Йоллура даггара  Къинхетам боьхуш.  Адмашна гечдар цо  Доьхура Деле... Читать дальше...

Сулаев Мохьмад "ХIун ницкъ бу"

Radiomarsho.com 

Сулаев Мохьмад ***** ХIун ницкъ бу, алахь, Органан йисттехь ХьалагIертачу Цу зезаган, ахь? Хаьа суна, гIаттахь Мох жимма а чехка, - БIаьрг тоххал цуьрг а Дуьсур дац цунах. ХIетте а дIора, КIудал белшах тесна, Мел ас дехарх Соь ца сацалуш, Яьлла яхна йоI Цо, шен нур тIехецна, Шега хьежа саций, Суна гуш. ХIун дуьйцу-те Оцу шиммо хIинца? Сох доьлу-те КIайн чоьш а сан гина? Я, сан бала боцуш, Дагардийца дисна, Вовшех хьаьгна, Вовшийн девзина? ХIун гергарло ду-те Къайлах церан? Читать дальше...

Ахматова Раиса "Хьо соьга хьежалахь"

Radiomarsho.com 

Ахматовa Раиса **** «Хьо соьга хьежалахь – Iалашбеш безам, Хьо йолчу верзаре цIехьа!» Йистхуьлу рагI яра йоIехь, амма и Хьаьжира дош доцуш кIанте. Оьшуш а яцара кIант тешо чIагIо, ЦIеначу хьажарх и кхийти. Поездо мохь туьйхи – некъ юьхьарлоцуш, ЙоIа дагчохь къуьйлуш Берг санна, ТIаьххьара ницкъ гулбеш делийна бIаьрхиш, Цо эли: «Некъ дика хуьлда!»

Нохчийчоьнан вахархочо герз тоьхна Краснодарерчу клубан хехочунна

Radiomarsho.com 

Оршоьтан буьйса юкъал тIехъяллачу хенахь герз дуьйлура Краснодарерчу цхьана буса болхбечу клубна гергахь, яздина "Блокнот" портало. Шахьаран полицино бинчу хаамца, 3.40 хан йолуш хаам кхаьчна, клубна хьалха герз кхуьйсуш цхьа жима стаг ву, аьлла. Юьйцучу метте дIаяхначу полицина хиина клуб ларъеш Iачу хехойх цхьанна герз тоьхнийла цара сакъера чу ца витинчу цхьамма. Хьалха цо клубехь девнаш даьхна хиларна, ца витина иза хехоша оцу буса клубе. Бекхамбеш, жимчу стага юьхьанца тоьхча, ца кхетта герз хехочунна... Читать дальше...

Шаьш-шайна массарел а кIезиг зулам до Оьрсийчуьрчу бахархошлахь нохчаша а, гIалгIаша а, Дагестанерчу къаьмнаша а

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь уггаре кIезиг малар, томка, наркотикаш лелочу бахархойх бу Къилбаседа Кавказера нах, боху РИА Новости агенталло бинчу талламан жамIо. 2018-чу шарахь муьлхачу махкахь, мел къаьркъа, чIагIар, цигаьркаш  йоьхкина, мел дукха нах лецна маларх, наркотиках кхеттачохь зуламаш дина, зийна агенталло. Дикачу хьолехь болу 10 мохк: Нохчийчоь, ГIалгIайчоь, Дагестан, ГIебарта-Балкхаройчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, Волгоград, Тамбов, Ставропол-мохк, ГIезалойчоь, Саратов. Вочу хьолехь болу 10 мохк... Читать дальше...

Даймехкан уггаре безачу турпалхойн цIерш яьхна Оьрсийчоьнан бахархоша. Царалахь ву Шойгу а, Сталин а

Radiomarsho.com 

«Оьрсийчоьнан Турпалхойн Денца» (иза ду тахана, ГIуран-беттан 9-чохь) доьзна хеттарш дина Оьрсийчоьнан бахархошка ВЦИОМ-о – Оьрсийчуьрчу Iедалан цIарх бахархошна хетарг толлучу статистикан центро. Деллачу жоьпаша бахарехь, беза турпалхой бу халкъан кхетамехь Дуьненан шолгIачу тIеман инарла Жуков Георгий а, таханлера тIеман министр Шойгу Сергей а. Жуков турпалхо ву аьлла 37% наха. Безачу нехан могIара кхачаво Шойгу 20% жоьпаша. Турпалхойн хьалхарчу пхеаннах ву инарла Суворов Александр а, Кутузов Михаил а, Рокоссовский Константин а. Читать дальше...

"МогIарчу нохчийн дахар гайта воллура иза, амма оха сацийна». Кадыровхойн бахамаш гайтарна, вада а вина, йиттина Нохчийчуьрчу вахархочунна

Radiomarsho.com 

27 шо долу Нуханов Ислам, цо «нохчийн Рублёвка» гойтуш видео яккхарца доьзна, вадийра Кадыровн наха байначу беттан 1-чу дийнахь, яздо «Керлачу газето» ("Новая газета"). Дукхахйолу хан Нухановс яьккхина Когалымехь (Ханты-Мансийн мохк). Нохчийчохь Iаш хилла иза кхушеран бIаьста дуьйна – ша лерса а, бIаьрса а доцуш вуьсуш лаьтта, даймахко аьтто бер-кха шена могашалла меттахIтто, аьлла, цIавеана иза. Амма Оьрсийчохь хьалакхиина жима стаг лар ца велла Нохчийчохь шена хила тарлучу зенах – блогеран Абдурахманов Тумсон видеошка хьежарал совнах... Читать дальше...

Хангошвили Зеламхин ваша: «РогIехь верг со ву»

Radiomarsho.com 

Берлинехь вийначу Гуьржийчоьнан вахархочун Хангошвили Зеламхин вашас, 46 шо долчу Зураба, ша ву аьлла нах бойучу киллерийн Iалашонехь рогIераниг, The Times газете. Хангошвили Зураба бахарехь, цуьнга и хаийтинарг ю кхерамзаллин сервис. «Соьга ларлуш хила аьлла, цундела со цкъа а ца волу ара суо цхьаъ», - боху цо. Хьалхо шайн воккхаволчу вешин дахарх сингаттам къадийра цуьнан йишас Хангошвили Зайнапа. Цул сов, немцойн OstWest телекомпаница ша динчу къамелехь цо дийцира, шаьш хьалха Оьрсийчуьрчу Волгоград гIалахь дехаш... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о Всероссийском конкурсе спортивных проектов «Ты в игре»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Даниил Медведев

Медведев сыграет с Бубликом в Мадриде 


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Вокруг парка на электромобиле: что будет доступно напрокат в Москве





Путин в России и мире
Москва

Пашинян подготовил "подарок" Путину к его инаугурации. Запад будет доволен


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко заявил о желании построить в Белоруссии вторую АЭС




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Генсек НАТО прибыл в Киев: главные заявления Столтенберга и Зеленского


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Александр Пушной

Кировчанин обыграл телеведущего Александра Пушного и получил деньги



Москва

Оскорбившему президента Узбекистана за участие в параде Победы дали 5 лет

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net