Германино керла гIулчаш яха еза Оьрсийчоьнна дуьхьал, боху немцойн тIеман министро
Германин тIеман министро Крамп-Карренбауэр Агнеттас дIахьедар дина, Берлинехь Хангошвили Зелимха вер бахьана долуш Оьрсийчоьнна дуьхьал керла гIулчаш яха еза аьлла. Цунах лаьцна хаам бо РБК агенталло, Крамп-Карренбауэра Bild am Sonntag газетана еллачу интервьюна тIе а тевжаш.
Иштта, тIеман министр тIера ца йолу Кремлана духьал кхин а дуьхьалбаккхамаш юкъабаха беза бохучун, нохчийн тIемало Берлинехь варна Оьрсийчоьнан Iедалш декъа хиларна.
"Федералан Iедалан тIегIантIехь тхо дагадевра ду, кхин дIа хир йолу реакци хьокъехь, оьшуш болу сацамаш а бийр бу оха. Оьрсийчоьнан агIоно эххаре а дакъалаца деза и зулам толлуш", - билгалдаьккхина цо.
Крамп-Карренбауера дийцарехь, Гуьржийчоьнан махкахо веро чолхе йина Берлинан а, Москван а юкъаметтигаш. Цо билгалдаьккхина Хангошвили верна бехке Оьрсийчоь хиларан тоьшаллаш забар йоцуш хилар.