Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2021

Новости за 29.04.2021

Криминалан баьччас Гагиевс дийцина Къилбаседа ХIирийчоьнан вице-премьер муха вийра

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу шерашкахь, лаьцна, изоляторехь тоьшаллаш луш волчу криминалан баьччас Гагиев Аслана («Джако») дареш дина "Цхьааллин Оьрсийчоь" депутатна Макиев Зурабна а, сенатор лаьттинчу Тотоонов Александрна а дуьхьал. Оцу хьокъехь хаам бо "База" телеграм-канало. Гагиевс дийцарехь, 2008-чу шарахь вуьйцучу шимма тIедиллина хилла Къилбаседа ХIирийчохь вице-премьер хилла Пагиев Казбек вен. "Болх" кхочушбина оццу шеран ГIуран-беттан 31-чохь Къилба ХIирийчуьрчу къайлахчу сервисан белхахочо Гагиев Олега ("Ботэ") ... Читать дальше...

Краснодар-махкахь "маньякаш а, лурбоьлла нах а" лецна ФСБ-но

Radiomarsho.com 

Къайлахчу сервисаша шаьш Краснодар-махкахь а, Оьрсийчоьнан кхечу цхьацца регионашкахь а кегийрхойн радикалан "М.К.У." юкъараллера 16 декъашхо лаьцна аьлла даржийна. ЧIагIдарехь, лечнарш хилла Iедалан административан гIишлош лелхийта а, маьршачу бахархошна тIелата а кечлуш, хаам бо "Интерфаксо", ФСБ юкъараллица уьйраш латторан центрна тIе а тевжаш. ХIусамаш толлуш хила тарлучу экстремисташкара даьхна уьрсаш, электронан информаци чохь йолу гIирс, терроран коьчалш кечъярх йолу инструкцеш, дан кечдинчу зуламех лаьцна кехаташ, боху урхалло. Читать дальше...

Нохчо-гей гойту фильм яхна Къилбаседа Америкерчу документалан фестивалан декъа

Radiomarsho.com 

Тахана, Охан-беттан 29-чохь, Канадерчу документалан кинон Hot Docs Toronto фестивалехь премьера ю "Тийна аз" ("Тихий голос") фильман. Нохчийчуьрчу ММА-латархочух, гей волчу жимчу стагах лаьцна ю иза. Оьрсийчохь "Река Валерик" ("Валарг-хи") цIе лелочу кинорежиссеран оцу фильман премьера яра хила езаш Москвахь дIаяьхьначу "Артдокфест" фестивалехь, амма ца хилла Соьлжа-ГIалара бинчу тIеIаткъамца доьзна. Фильман анонс ю хIоттийна Къилбаседа Америкехь уггаре йоккха ларалучу документалан кинон Hot Docs Toronto фестивалан официалерчу сайте. Читать дальше...



Къилбаседа Кавказ: молханийн мехаш бистина, ткъа Байден дагахь ву америкахойн хьал тодан

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказ ю молханийн мехаш лакхара гойтучу рейтингехь хьалхара; ГIалгIайчоьнан, Къилбаседа ХIирийчоьнан дозанехь машенлелорхо вийна полисхоша; Конгрессна белхан Iалашонаш йовзуьйтуш, дуьххьара дIахьедар дина президента Джо Байдена

Къилбаседа Кавказ ю молханийн мехаш лакхара гойтучу рейтингехь хьалхара

Radiomarsho.com 

Адыгей ю Оьрсийчуьрчу аптекашкара молханийн мехаш гойтучу рейтингехь хьалхарчу кхаа регионан декъахь. Республикехь кхушеран хьалхарчу кварталехь молханийн мехаш бистина, стохкалерчаьрца буьстича, 16,9%. Иза уггаре доккха терахь ду Къилбаседа Кавказехь. Хьалхарчу итт регионийн могIарахь мехаш массанхьачул а дукха бистинчех ю Кхарачой-Чергазийчоь (14,7%), Краснодар-мохк (13,8%), Ставропол-мохк (13,7%), Дагестан (13,4%). Рейтинг хIоттийнарг ю дуьненаюкъара аудитан-консалтинган FinExpertiza тоба. ... Читать дальше...

Политикан тутмакх лору протесташ бахьанехь лаьцна волу ГIалгIайчуьра экс-министр

Radiomarsho.com 

Бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара яьккхина "Мемориал", амма "Мемориал" реза ца хилла и статус тIеэца – Редакцин билгалдаккхар) политикан тутмакх лору ГIалгIайчоьнан вахархо, цигахь чоьхьарчу гIуллакхийн министран даржехь Iийна, Iедалан ницкъашна дуьхьалоярна, "экстремистийн юкъаралла" кхолларна бехкевен Погорв Ахьмад. "Тхан кхетамехь, гIалгIайн оппозицин кхиболу лидерш а санна, иза таIзарна кIел вигар дозу цуьнга Iедална критика яр дитийта гIертарца... Читать дальше...

Адыгейхь 8 шераш тоьхна набахтехь такха полицехь болх бинчарна. Етташ ахчанаш дохуш хилла цара

Radiomarsho.com 

Адыгейхь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллерчу наркотикашна дуьхьало латточу декъехь болх бина масех стаг набахти 8 шарахь халачу хьелашкахь такха хьажийна кхело.   Кхаьънаш эцарна а, даржо луш хиллачу бакъонел совбийларна а бехке бина уьш, хаам бо республикерчу Талламан комитетан урхалло. Официалан версица, 2019-чу шеран Зазадоккху-баттахь Майкопан кIоштарчу вахархочунна "белхан лерринчу гIирсашца" гIелойина цара, кхаа сахьтехь сов латтийна шайгахь, машен чохь дIаса а хоьхкуш. Цуьнгара ахча доьхуш хилла полисхоша... Читать дальше...

ГIалгIайчоьнан, Къилбаседа ХIирийчоьнан дозанехь машенлелорхо вийна полисхоша

Radiomarsho.com 

Несара йистехь ницкъхоша вийна Toyota Camry машенца хилла стаг. Цкъачунна йолчу информацица, вийнарг ву федералан лехамашкахь хилла ТIой-Юьртара (Кантышево) вахархо Кодзоев. ЦIе йоккхуш яц. Официало бахарехь, полисхошна тIе герз детта волавелларг иза ву. Герзан кхийсарш лилхина Охан-беттан 28-чу сарахь ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а дозанашкахула чекхболучу некъа тIехь. "Ницкъхой автотранспорт зен гIоьртича, машенлелорхочо герз детта долийна. Дуьхьалоеш иза хIаллаквина", - яздо "Интерфаксо", шен хьостанна тIе а тевжаш. Читать дальше...

Конгрессна белхан Iалашонаш йовзуьйтуш, дуьххьара дIахьедар дина президента Джо Байдена

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена шен дуьххьара дIахьедар деш, вистхилла Когрессна хьалха, шуьйрра йовзийтина "хиндерг Американна тIечIагIдеш" бен болчу белхан некъаш. Шен къамел президента долийра пачхьалкхехь вакцинаци жигара дIахьош хиларх а, экономика дика кхуьуш хиларх а лаьцна. Бахам кхиоран болар чехкадалар Байдена дуьйзира, президентан харжамаш дIабоьлхуш а болуш, Конгрессо экономиканна аьттонаш бен низамийн кочар арахецна хиларца. Амма иза юьхьиг бен яц, элира Байдена. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Полина Гагарина — про уход на пенсию и особые способности Сергея Лазарева


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
ATP

Рублёв поднимется на шестое место в рейтинге ATP после победы на «Мастерсе» в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Жителей Москвы предупредили об аномально холодной погоде





Путин в России и мире
Москва

В городах России выступят летом юные вокалистки из Приамурья


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Польский судья отказался от должности и попросил защиты у Лукашенко. Он обвинил Варшаву в нечестной политике




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Сергей Арутюнов

Певец Сергей АРУТЮНОВ и солистка группы Демо - встречаются, или просто выпустили совместный хит “Солнышко”? Разлад АРУТЮНОВА и Маши Малиновской?



Москва

Около 450 нарушений чистоты устранили в Подмосковье в апреле

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net