Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2021

Новости за 27.04.2021

Францехь 7 кавказхо лаьцна терроризмана ахча латторах йолчу шеконца

Radiomarsho.com 

Кавказера схьаваьлла, 28-48 шераш долу ворхI стаг Францехь Охан-беттан 27-чохь, Iуьранна. Шеко ю уьш террорца уьйрехь хиларх а, цара Шема ахчанаш хьийсийна хиларх а. Страсбургехь иттаннашкахь вовшахкхеттачу полисхоша антитерроран операци дIахьош лаьцна виъ стаг. Царех шиъ Нохчийчуьра ву, шиъ – Гуьржийчуьра, хаам бина меттигерчу прессо. Оццу хенахь Францин юккъехь лаьттачу Пюи-де-Дом депортаментехь а лаьцна нохчийн диаспорера кхо стаг. Францехь лецира Гадаев Мохьмад Охан-беттан 8-чохь, иза полице вахча. Читать дальше...

Польшин дозанехь лецна нохчий, ткъа Нохчийчоьнна ца тоьу школаш

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра а, Азербайджанера а легалехь боцу мигранташ лецна Польшин дозанехь; Нохчийчуьра школаш дийнахь кхузза болх беш хила ца еза, аьлла Оьрсийчоьнан премьер-министра; Кадыровн кIентан латарна ша къастийна мах "лачбаккхарна" реза вац Нальчикерчу боксан куьйгалхо



Оьрсийчоь - 150-чу могIарехь. Къилбаседа Кавказ а, хаамийн гIирсийн маршонан рейтинг а

Radiomarsho.com 

Дуьненаюкъарчу "Доза доцу репортераш" организацино хIоттийначу 180 могIарх лаьттачу зорбанан маршонан рейтингехь 150-гIа меттиг дIалоцу Оьрсийчоьно. Тептарехь Мьянмел а, Венесуэлел а лахахь нисъелла пачхьалкх. Кавказ.Реалиин материалехь дуьйцу, Къилбаседа Кавказехь журналисташна бечу Iаткъамех. Талламчаша бахарехь, журналистикан маршонна "шога дозанаш детташ", Оьрсийчуьрчу медиаца долу хьал "ледара" ду. Иштта эксперташа мах хадийна Казахстанерчу а, Узбекистанерчу а, Беларусерчу а, кхин а 47 пачхьалкхерчу хьолан а. Читать дальше...

Кадыровн кIентан латарна ша къастийна мах "лачбаккхарна" реза вац Нальчикерчу боксан куьйгалхо

Radiomarsho.com 

ГIебарта-Балкхаройчуьрчу боксан федерацин президента Бербеков Нажмуддина хаамийн гIирсаш бехкебина Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана "толам дабаларх" лаьцна ша аьлла бохуш доцург яздарна. "Со цец-акъ ваьлла оцу аьшпех, ас аьлла бохуш дуьйцучух. Ас цхьаьнхьа а, цкъа а ца аьлла, латар, хьалххе дуьйна хиндолу жам а хууш, дIадаьхьина, я цхьанна тIеIаткъам бина. Иза берийн спорт ю, спортсменна цхьа доккха зен ца хилча а сацадо латар, иза лазийна гола ца вожарх а, гал ца вийларх а", - яздина Бербековс инстаграмехь Охан-беттан 26-чохь. Читать дальше...

Нохчийчуьра школаш дийнахь кхузза болх беш хила ца еза, аьлла Оьрсийчоьнан премьер-министра

Radiomarsho.com 

Нохчийчу ша вахар жамIе дуьллуш, Оьрсийчоьнан премьер-министра Мишустин Михаила тидаме ехкина оцу махкахь дийнахь кхузза болх беш йолу школаш. "Бераш кхаа декъехь школе лелачу регионех ю цкъачунна Нохчийчоь. И проблема ма-хуьллу сиха дIаяккха еза, Оьрсийчоьнан кхечу субъекташкахь а санна. И гIуллакх цхьалхадаккха гIодеш ду Iедал", – аьлла хьаькамо вице-премьерашца дIаяьхьначу кхеташонехь. Кавказ.Реалиино яздина ма-хиллара, берашна деша меттигаш ца тоарна ира лаьтта дийнахь кхаа декъехь бераш школашка лелар Къилбаседа Кавказехь. Читать дальше...

Кадыровн эшар. Мехкан куьйгалхочун кIентан сий айдан гIерта Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

13 шо долчу Кадыров Адаман - Нохчийчоьнан куьйгалхочун воI- ГIебарта-Балкхаройчуьрчу латархочуьнца Биттиров Асланца леташ яьккхинчу видеога хьаьжча, цуьнан толам шеконе баьккхина ца Iаш, оцу латаран суьдхо хиллачо а озабезам бинийла гуш ду. Дуккхаъчу наха хьесап дира, техникан нокаутехь Кадыровна ца богIуш дIабелла толам аьлла. Охан-беттан 18-чохь хIоттийнера скандале йирзина и турнир. ШолгIа раунд йоьдуш 50-чу секундехь сацийра тасадаларш, Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана толам дIа а луш. ... Читать дальше...

Кадыровс кхерамаш тийсар юхаталлийта реза яц Соьлжа-ГIалара кхел

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал бехктакхаман дов айдан реза ца хилла талламча бакъвина Соьлжа-ГIалахь кхело. Кадыров жоьпе озавайте гIерта бакъоларъярхой, цо шайна 2019-чу шарахь тийсинчу кхерамашца доьзна. "Дешан маршо – иза иштта ю... Цхьаберш набахте хьийсабо юридикан гIо дехарна, ткъа кхечарна дуккха а хIуманаш лело мега, дуккха а", – аьлла ю кхел йирзича адвоката Беньяш Михаила шен фейсбук-агIонехь йина комментари. Кадыровс дина дIахьедарш нохчийн маттахь дара, Нохчийчохь... Читать дальше...

Нохчийчуьра а, Азербайджанера а легалехь боцу мигранташ лецна Польшин дозанехь

Radiomarsho.com 

Польшерчу дозанхоша Iорабаьккхина Беларусера шайн махка мигранташ кхуьйлу низамехь боцу некъ. И билларна бехкево Гуьржийчоьнан ши вахархо ву лаьцна, ткъа царна гIодеш хиллачу церан цхьана махкахочунна кхелан сацамца набахтехь яккха 6 бутт хан тоьхна. Мигранташа биллина некъ Iорабаьккхина Охан-беттан 22-чохь, Польшин а, Беларусан а дозанехь итт стаг лаьцча. Царех ялх стаг ву Оьрсийчоьнан вахархо (Нохчийчуьра схьаваьлла), виъ ву Азербайджанера, хаам бо Беларусерчу прессо, Польшин дозанхойн Подлянски декъан информацина тIе а тевжаш. Читать дальше...

Британино Оьрсийчуьра 14 стаг язвина санкцийн "Магнитскийн тептара"

Radiomarsho.com 

Оршотдийнахь Британино Оьрсийчуьра 14 вахархо ваьккхина сакцийн "Магнитскийн тептара". Москварчу талламан изоляторехь юрист Магнитский Сергей верца доьзначу гIуллакхан декъахь бу и нах, хила тарло Магнитскийс Оьрсийчоьнан бюджетера 230 миллион лачкъорна тIе шеко йожийначех. Санкцеш кхайкхийна Америкерчу "Магнитскийн низам" санна йолчу Британин аналоган буха тIехь – санкцех а, ахча лечкъорах а ду 2018-чу шарахь, Британи Европан Барта юкъара яьллачул тIаьхьа, цигахь тIеэцна низам. ЦIерш йовзуьйтуш... Читать дальше...

Кадыровн зударий гойту видео дIакъевлина "Грозный" телекомпанин дехарца

Radiomarsho.com 

Ютубо дIакъевлина Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан шолгIа зуда хила тарлучу Хазуева Фатимин доларчу гIошлонех лаьцна "Проект" ресурсо бинчу талламах йолу видео. Сюжете хьожийла дац хIинца – дIакъевлина иза шен авторан бакъонаш талхийна аьлла, "Грозный" телекомпанино арз дарца доьзна. Оцу хьокъехь хаам баржийна "Кавказский узел" газето. Нехан тидам тIебахана таллам зорбане белира Охан-беттан 7-чу дийнахь. Цо бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун шина зудчун долахь ю лаххара а 800 миллион сом мах болу гIишлош. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Московское "Динамо" возглавило турнирную таблицу РПЛ


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Свентек переиграла Соболенко и выиграла титул WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Вильфанд предупредил горожан об аномальном холоде и мокром снеге на неделе





Путин в России и мире
Москва

Ушаков: Путин и Пашинян расставят на встрече многие точки над i


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Польский судья приехал в Минск и попросил защиты у Лукашенко




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Певец

Певец Сергей АРУТЮНОВ и солистка группы Демо - встречаются, или просто выпустили совместный хит “Солнышко”? Разлад АРУТЮНОВА и Маши Малиновской?



Москва

Звезда «Кухни» Ольга Кузьмина крестила дочь, которой дала двойное имя

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net