Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 24 дархо. Вирус кхетта 350 стагана
Коронавирус кхетта хилар билгалдаьллачу нахах 24 пациент велла Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса, цомгуш хилла кхин а 350 стаг. Оперативан штабан хаамца, Краснодаран кIоштахь 12 велла уьнах, Ставропол-махкахь - 4, ГIебарта-Балкхаройчохь -3, Дагестанехь а – 2 кхелхина. ГIалмакхойчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а цхьацца велла. Верриг а падеми йолаелчхьана схьа коронавирусах Къилбаседа Кавказехь велларг ву 9 179. Къаьсттина дукха бу ун даьлларш тIаьхххьарчу 24 сахьтехь Ставрополан кIоштахь - 109 стаг. Читать дальше...