"Проект": харжамаш герга кхочуш Iедалхоша лахдийр ду вон хаамаш зорбане бахар
Пачхьалкхан думан харжамаш герга кхочуш вон хаамаш зорбане бахар лахдан сацам хилла Оьрсийчоьнан Iедалхойн. "Проекто" бина и хаам, министрийн кабинетна герга йолчу хьоасташна тIетевжина. Пачхьалкхехь хуьлучух маса яржон еза информаци, белхазаллин статистикех а, инфляцех а, алапаш хьедарх а болу хаамаш зорбане бохур бу кIиранах цкъа. Проектан зерашца, доккхачу декъанна публикацеш арахоьцур ю кхаарин деношкахь суьйранна ворхI сахьт долучу хенахь. Къаьсттина экаме йолу информаци, масала, COVID-19 вирусах лечу нехан статистика баттахь цкъа... Читать дальше...
