Соьлжа-ГIалин Заводской кIоштан кхелахочо Даркин Игора шен сий а, белхан репутаци а Iалашъярхьама латкъамбина кхеле "Клерк" интернет-хьостана. 10 миллион сом тIедожийна цо, яздо "Новая газетано", адвокатан Беньяш Михаилан информацина тIе а тевжина.
"Карарчу хенахь къаьстинарг ду, Дауркина хаамийн 6 хьостанна арздина хилар 5 миллионна тIера 10 миллион соьме кхаччалц компенсаци тIейожош царна", - аьлла адвокато.
Кхелахочунна цатайнарг ду, Нохчийчоьнан бахархошна 9 миллиард сом декхар дуьтуш ша сацамбина аьлла, зорбанашкахь яржийна артиклаш. Читать дальше...