Оппозиционерийн ненан Мусаеван гIуллакхехь йуха йина экспертиза а хьалхалераниг санна йу
Полисхочунна тIелеттера аьлла, бехкейинчу бакъоларйархочун Янгулбаев Абубакаран а, оппозиционеран Янгулбаев ИбрехIиман а ненан Мусаева Заремин гIуллакх луьстучу Соьлжа-ГIалин Ленинскан кIошта кхачийна шолгIа йина кхелан экспертиза. Иза а дIайаьхьнера Нохчийчохь, хIунда аьлча, адвокаташа кхечу регионехь йайта бахарх а, кхелахой реза ца хиллера. Экспертизин жамIаш дуьххьара йинчуьнца догIуш ду, йозуш йоцчу экспертизин зерашца бIостане. Кавказ.Реалиина йеллачу комментарихь Янгулбаев Абубакара дийцира... Читать дальше...