Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2023
1
2
3 4 5 6 7
8
9
10 11
12
13 14
15
16
17 18 19 20 21
22
23
24 25 26
27
28
29
30

Оппозиционерийн ненан Мусаеван гIуллакхехь йуха йина экспертиза а хьалхалераниг санна йу

0

Полисхочунна тIелеттера аьлла, бехкейинчу бакъоларйархочун Янгулбаев Абубакаран а, оппозиционеран Янгулбаев ИбрехIиман а ненан Мусаева Заремин гIуллакх луьстучу Соьлжа-ГIалин Ленинскан кIошта кхачийна шолгIа йина кхелан экспертиза. Иза а дIайаьхьнера Нохчийчохь, хIунда аьлча, адвокаташа кхечу регионехь йайта бахарх а, кхелахой реза ца хиллера. Экспертизин жамIаш дуьххьара йинчуьнца догIуш ду, йозуш йоцчу экспертизин зерашца бIостане.

Кавказ.Реалиина йеллачу комментарихь Янгулбаев Абубакара дийцира, кхелан кхеташонехь дIадешарх экспертизи тIехь хилларг. Документан текст хIинца а адвокате кхаьчна йац, цундела, стохка кхелан-медицинан бюрохь кечйинчу экспертизаца йустийла дац цкъачунна. Делахь а, цу тIехь а йаздина ду, Мусаева тIелеттера бохучу полисхочун могушаллина дайн зен дина аьлла.

И бохург ду, кхетийна редакцица къамел динчо, цунна дохку бехкаш зуламан кодексан 318-чу артиклан шолгIачу декъехь хилар – "полисхочун дахарна, йа могушаллина кхерам болу ницкъ дуьхьал баккхар", - оцу тайпа зуламна набахтехь йаккха 10 шаре кхаччалц хан кхачайо.

Янгулбаевс иштта дийцина, "СИЗО-хь латторо а, йолайала аьтто цахиларо а, диета ларйеш цахиларо а, вуьшта ледарчу хьелаша а" цамгаршца йолчу Мусаеван могушаллина кхин а тIе зен дина аьлла.

Карладоккху, хьалхо Мусаеван гIуллакхехула возуш воцчу эксперто Безбородов Алексейс тIечIагIдира кхелехь, талламо йинчу экспертизан жамIех шен шеконаш хиларх. Бехкбилларехь дуьйцуш долу ницкъахочун юьхьтIера кховраш дахарх лаьцна нийса охьайаздина дац, могушаллина дайн зен дина аьлла, тIечIагIдойла а йац, ткъа и сизаш стенгара девлла хууш дац - сизаш маж йошучу уьрсо дича санна ду - беа пIелгаца цхьатерра бархI арс дуьтийла йац аьлла.

Оцу йукъанна Мусаеван адвокаташа Немов Александра а, Савин Александра а "билгалдоккху, цуьнан гIуллакхан материалашкахь лазийна бохучу полисхочун юьхьтIера кховраш даьхна фотофиксаци цахилар – динчу жамIашкахь, хьалхо нохчийн эксперто Мунгиев Арсена кечдинчу, текстехь охьайаздина ду лазийна меттиг бара аьлла. Адвоката чIагIдарехь, карарчу заманчохь полисхочун юьхьа тIехь цхьа а таммагIа дисина дац, цо юхатотту "чов" йинера боху Мунгиевн чIагIдар. Мунгиев Арсен балхара дIаваьлла стохка гIуран-баттахь – оцу дийнахь адвокаташа тIедожийра иза кхеле кхайкхар. Эххар а Мунгиев вистхилира кхелехь – адвоката Немов Александра дийцарехь, шен жамIаш тIе ца чIагIдира цо.

Дечкен беттан 20-хь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттиначу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. Лоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетамчуьра а йоккхуш, иза дIаюьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира цуьнга, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.

Цкъа дуьххьара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхо сийсазварна бехке а йина, цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелетта хилла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бахарехь, "цуьнан бIаьрг баккхаза яьлла иза". ТIахьо хьарамлонаш лелорна бехк биллира цунна. Дуьххьара Нохчийчу дIайигира иза оцу гIуллакхехула, амма теше санна хеттарш дан.

Мусаевана дуьхьал гIаттийна гIуллакх талла долийра Соьлжа-ГIаларчу Ленинск-кIоштан кхелехь товбеца-баттахь.

Кавказ.Реалиис ма-дарра дийцира Мусаева Заремин гIуллакхех лаьцна а, оцу гIуллакхех дуккха а цхьаьнацадараш хиларх а.

Кадыров Рамзана кхерамаш тийсира ЯнгулбаевгIеран доьзална телеграм-каналехь динчу йозанехь Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. ТIаьхьо юха кхерамаш карлабехира цо видео дIаязъеш. Кхерамаш тийса буьйлабелира иштта нохчийн лакхарчу даржашкара ницкъахой а. Чиллан-беттан 2-чохь Соьлжа-ГIалин юккъехь митинг дIаяьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал. Митингехь ЯнгулбаевгIеран доьзалан суьрташ дагийра, тIе мийраш биттира, этIийра, иштта дуьххьал дIа кхерамаш а тийсира.

Бакъоларяъарн "Поддержка политзеков. Мемориал" проекто политикан тутмакх лерина Мусаева Зарема.

Дечкен-беттан 20-чохь Янгулбаев Абубакара шеца хийца элира Кадыров Рамзане шен нана. Иза лачкъийна йигина шо кхочучу дийнахь видео дIайазйира Янгулбаевс, цо бехкево Кадыров "пачхьалкхан низамаш а, адаман оьздангаллин ламасташ а" дохорна. Бакъонашларйархочо билгалдоккху, лаьцна латтийначу оцу шерачохь шен ненан могушалла эшна аьлла.






Загрузка...


Губернаторы России
Москва

Собянин: В ТиНАО в программу реновации включили 268 домов


Спорт в России и мире
Москва

В ОЭЗ «Технополис Москва» выпустили серию автомобилей для участия в чемпионате кольцевых гонок


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
ATP

Российский теннисист Медведев опустится на строчку в рейтинге ATP


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге: «Ингушетия может стать настоящим открытием даже для опытных туристов»





Путин в России и мире
Москва

НАЛОГИ С ЗАРПЛАТ И НДС МОГУТ ОТМЕНИТЬ?! Государственная Дума и Правительство РФ оптимизируют налоги.


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Посол Белоруссии: Лукашенко и Путин обсудят учения с тактическим ядерным оружием




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Булат Окуджава

В Душанбе открылась книжная выставка, посвящённая Юлии Друниной и Булату Окуджаве



Москва

В тульском Мясново с 24 мая перестанут ходить трамваи

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net