Нохчийчуьрчу экс-ницкъахошна йаккхий хенаш йиттина 2005-чу шарахь хиллачу терактан гIуллакхехь
Нохчийчуьрчу террорна дуьхьало йаран центран хиллачу кхаа белхахочунна Булуев Рустамна, Наматов Русланна, Ушаев Артурна чохь йаха йаккхий хенаш тоьхна. Царна бехке дуьллуш дерг 2005-чу шарахь Знаменскехь йина теракт йу. Къилбехьарчу округан тIеман кхело бандитизмехь, терроризмехь, адамийн баларшкахь, ницкъахойн дахарна тIекхийдарехь, кхинйолчу луьрачу артиклашкахь а бехке лерина уьш. Талламхоша дийцарехь, 2005-чу шеран товбецан-баттахь бехке леринчара бархI стагах лаьттачу бандин декъехь болуш, машенна эккхийтаран гIирс хIоттийна хилла. Читать дальше...