Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Новости за 28.06.2018

Диъ де а ду Катаямера бахархой хи доцуш бисина

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Катаямера кхо эзар гергга вахархо хинан къоьлла ловш ву кху деношкахь. Старопромыслан кIоштарчу оцу эвлахь хи дIалакъийна кIирандийнахь дуьйнна, хаамбо меттигерчу вахархочо "Кавказан узел" агенталле. "Туьканара хи оьцуш я гергарчаьргара кхоьхьуш хене дуьйлу тхо", - аьлла цо гIирсе. Iедалхоша машенашкахь хи ца доуьйту тхо дехачу меттиге, масех машенашкахь хи кхачо мегар ма дара. ТIом бирзинчу хенахь ма хуьлура таро. Арахь 40 гергга градус йовхо лаьтта, ткъа адам хи доцуш Iаш ду", - аьлла, далхийна Соьлжа-ГIаларчу Яхас а. Читать дальше...



Нохчийчохь кхел йина Клых психиатрин цIийне дехьаваьккхина

Radiomarsho.com 

Психиатрин цIийне дехьаваьккхина Оьрсийчохь набахтехь хан токхуш волу политикан тутмакх Клых Станислав. "Факты" хьостано Iораяьккхина и информаци. Хьалхо Украинан омбудсмено Денисова Людмилас хаийтинера, Клых вочу хьолехь а ву, бозуш боцу я украинхойн, я кхечу пачхьалкхера говзанчаш кхайкха беза цунна тIе аьлла. Клыхан нанас журналисташка дийцинера, тIаьххьара шен кIантаца хиллачу цхьанакхетарехь цуьнан адвокато тергойина хиларх, могушалла кхи тIе а телхина хиларан. "Тахана Клыхца къамел ца хилира сан... Читать дальше...

Трампан а, Путинан а цхьанакхетаран де билгалдаьккхина официалехь

Radiomarsho.com 

КарабогIучу беттан 16-чу дийнахь Хельсинкехь хир ду Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан Трамп Доналдан а, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а цхьанакхетар. Reuters агенталло яржийна и информаци, Кремлан зорбанчийн хаамашна тIе а тевжаш. Долчу хьолах а, Iамеркан а, Оьрсийчоьнан хиндолчух а, иштта дуьненаюкъарчу проблемех а дийцарш дIахьур ду шина лидеро аьлла Кремлехь. Цхьаболчу Iамеркан агIончийн сингаттам гIатто а, Трампан критикийн дера оьгIазло меттахъяккха а тарлу саммит дIаяхьа бартбина Москоха а... Читать дальше...

Адвокат: ГIирме некъаш дихкина Оьрсийчоьно эзарнашкахь нахана

Radiomarsho.com 

Аннекси йинчу ГIирмера 2014-чу шарера схьа дуьйнна Оьрсийчоьнан Iедалша араваьккхина 2400 стаг. Цул совнах, ГIирмехь лаьцна латтош хилла 5 эзар стаг а дехьаваьккхина Оьрсийчоьнан дозанашкарчу набахтешка. Маьршабаьхначул тIаьхьа доьхкур ду царна ГIирме бахка. Украинан адвокато, эксперто Мартыновский Романа, ГIирмерчу хьолах Страсбургехь йоьдучу конференцехь дина и дIахьедар, яздо "Укринформ" агенталло. Доккхачу декъанна ГIирме некъ бихкина оьрсийн Iедалхоша ГIирман-гIажаройн къоман боламан хьалханчашна Джемилев Мустафана а... Читать дальше...

Шемарчу Дераахь 46 стаг вийна кеманан тохаршца

Radiomarsho.com 

ГIаттамхойн карахь йолчу Дераа провинцерчу кIошташкахь кеманца тохарш дина вийна 46 стаг, шайлахь кегий бераш а долуш, хаамбо Шеман адамийн бакъонашна мониторинг ечу центро. Рейтер агенталло дийцарехь, тIаьххьарчу деношкахь пачхьалкхан тIеман кеманаша тохарш дора Шеман Къилба Малхбузехь. Оьрсийчоьно чIагIонаш йо, Асадан эскарша а, церан агIончаша а маслаIатан барт бохош бац, террорхошца къийсам бу шаьш латтош бохуш. КIирандийнахь Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIакхайкхийра, Шеман Къилба Малхбузерчу... Читать дальше...

БIаьрзе "нийсо"

Radiomarsho.com 

Титиев Оюбна полисхоша наркотикаш бухакхийсар толлур дац Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело шинарийдийнахь ши сацам тIеэцна бакъоларъечу "Мемориал" центран махкарчу декъан куьйгалхочун Титиев Оюбан девнца доьзна. Талламехь дара ши арз: хьалхарниг – Титиев лоцуш полисхоша лелийначу харцонах лаьцна, шолгIаниг – лаьцнарг изоляторера арахецийтарх. Межидова Наталья яра кхел дIахьош. Сацам бина хила безачу хенал де тIаьхьа бина – де-буьйса шена мукъадитинера кхелахочо. Титиев Оюбан агIолоцуш вара кхелехь кхаа адвокатах цхьаъ - Заикин Петр. Читать дальше...



МеракIантана йиттина десте лаьцна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Жимачу кIантана етташ Интернетан машанашкахь даржийначу суьртийн, видеоматериалийн тоьшаллийн бух тIехь Хьалха-Мартанарчу прокуратурано талламбина. Резинан тIийриг йиттина хилла шен 8 шо долчу меракIантана дестечо. Лоьраша теллича гучудаьлла кIентан дегIа тIехь кеп-кепара чевнаш хилар. Прокуратурано йоллу материалаш кхеле дIахьовсийна. Зудчунна дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх кхи дIа талла долийна.

Маларш духкуш реклама ен сайташ дIакъовлар дехна Устрада-ГIалин прокуратурано

Radiomarsho.com 

Кхиазхойн могушаллина а, церан синан, оьздангаллин кхетош-кхиорна тIеIаткъамбечу материалашна тIе доьлху некъаш дехка декхаребе интернет-провайдерш аьлла, Устрада-ГIалин прокуратурано иск кховдийна кхеле. Доккхачу декъанна, "Интернет" машано мониторинг ечу заманчохь гучуевлла алкоголан продукци йохкарна реклама ен материалаш. "Берийн кхиарна а, церан могушаллина а зен дечу информацех ларадар" аьллачу федералан низамца а догIуш, Оьрсийчохь цу кепара материалаш кхиазхошлахь яржор дихкина ду. 18... Читать дальше...

Украинан бакъонашларъярхочунна Оьрсийчоьно ца гойту Сенцов

Radiomarsho.com 

Ямало-Ненецкан округан Лабытнанги гIала кхаьчна Украинан омбудсмен Денисова Людмила лаьцна украинхойн режиссер Сенцов Олег ган яхана. Фейсбукерчу шен пена тIехь бина и хаам бакъонашларъярхочо. Цо бахарехь, иштта Сенцовца цхьанакхета лаам болчу Оьрсийчоьнан президентан цIарах бакъонаш ларъян векал йинчу Москалькова Татьяница цхьана кеманчохь яхана иза. Денисовас бахарехь, цуьнца машена хаа дуьхьалъяьлла Москалькова. Оьрсийн омбудсменан векало Зловедов Алексейс дIахьедина, Украинерчу Лакхарчу Радано... Читать дальше...

Кадыровца лелачу гергарлонан мах

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан урхалле ша хIуттушехь, Кадыров Рамзан волавелира дуьненна а бевзачу артисташца, спортхошца гергарлонаш тийса. Оцо дика имидж кхуллу Нохчийчоьнна, олура Кадыровс. Бакъду, бакъоларъярхоша, юкъаралло бехкбуьллу шаьш диктатор лору Нохчийчоьнан куьйгалхо волчу лестачарна. Нохчийчохь хиллачу артистех, спортхойх хIораннан а санна дезна дуьненна хьалха бехказвала. Масала…

БIаьрса дайначийн бюджетера ахча диина куьйгалхо гучуяьлла

Radiomarsho.com 

Республикерчу лерина бIаьрзечу нахана йиллинчу библиотекан хиллачу куьйгалхочунна дуьхьал гIуллакх долийна, курхаллаш лелорна. Талламчийн версица, 2016-чу шарахь шен даржах пайда а оьцуш, бюджетан ахча шен кисана диллархьама, цо куьйгяздина хилла цхьана бизнесхочуьнца, 360 эзар соьмана библиотекана оьшу йийбар эца. Цул тIаьхьа, шеконашкахь йолчу зудчо кехаташ тIехь 360 эзар соьмана эцна аьлла яздина, ткъа йийбарх цуьнан даьлларг ду 191 эзар сом. Дисина ахча шен хьашташна доьхкина хилла куьйгалхочо. Читать дальше...

Теракт дан кечдарх хаам ца бина аьлла, таIзар дина Нохчийчуьрчу вахархочунна

Radiomarsho.com 

Дан кечлучу зуламах хаам ца бина аьлла, Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело листина А. Мохьмад- Салахьна дуьхьал даьккхина бехктакхаман гIуллакх. Кхелахоша чIагIдарца, терроран кепехь доккха зулам дан кечамбарх шена хуъушшехь, полицига дIа ца хаийтина хилла цо. Прокуроран позицина тIе а тайна, Мохьмад-Салахь бехке лерина гIуллакх, кхи дIа къасто Хьалха-Мартанарчу кхеле дIахьажийна.

Шен цIийндас дина зулам къайладахьа гIоьртина зуда лаьцна

Radiomarsho.com 

Шен хIусамдена дуьхьал бехкзуламан гIуллакх ца даккхийтархьама кхаъ бала гIоьртина 27 шо долу жима зуда лаьцна полисхоша. Гуьмсерчу талламхойн декъо бехкзуламан гIуллакх даьккхина меттигерчу яхархочунна дуьхьал, лакхарчу даржхочунна кхаъ бала гIортарна. Куьршаларчу полисхойн декъан хIусам чохь, хьаькаман стоьл тIе 30 эзар сом охьадиллина хилла зудчо, шен хIусамдас дина зулам къайлахьуриг аьлла, яздина ду Нохчийчоьнан прокуратуран сайт тIехь. ГIуллакх кхи дIа а толлуш ду ницкъахоша.

Студент юхаметтахIоттош кхаъ эцнарг кхеле хIоттийна

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу студенто 140 эзар сом кхаъ белла, ша колледже деша юхаметтахIотторна. Аьрга-Хишкан аграран а, техникан колледжан Хьалха-Мартанарчу декъан куьйгалхочуьнга дIаделла дешархочо ахча. КIоштан кхело бехк тIечIагIбеш, куьйгяздина, бехкзуламан гIуллакх долийна кхаъ эцначу Д.Iумар-Хьаьжина дуьхьал. Талламчийн версица, кху шеран Охан-беттан 17-чохь, Хьалха-Мартанарчу колледжан куьйгаллехь хиллачу цо, хьалхо доьшийлера дIаяьккхина йоI юхаметтахIоттош 140 эзар сом эцна. Бехкзуламан гIуллакх кхи дIа листа Хьалха-Мартанан кхеле дIахьажийна.

Футболан тренер шех хила тарлора аьлла Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, шена адамийн дог айина, уьш новкъа баха хаахь а, шех футболан тренер хир вацара аьлла, яздо "Известия" газетано. "ХIора стеган шен-шен амал ю. Ша хастийча кхета цхьаверг, вукхуьнца кхечу агIор мотт бийца беза", - аьлла Кадыровс. Иштта мехкан куьйгалхочо билгалдаьккхина, Оьрсийчоьнан футболан тобан тренерна Черчесов Станиславна бийца юкъара мотт карийна футболхошца, цундела юкъара механизм а хилла, хаза ловзар гайтира цара аьлла. "Тренерш кхион безаш бу, школаш схьа а йоьллуш, гIо а деш.

Титиев Аюбан гIуллакх Шелахь къастор ду

Radiomarsho.com 

КарабогIучу беттан хьалхарчу деношкахь бакъонашларъярхочун Титиев Аюбан гIуллакх листа долор ду аьлла, "Кавказ.Реалии" портале хаамбина "Мемориал" центрехь. Шела кIоштан кхело къастор ду цуьнан гIуллакх. ПIераскандийнахь кхелахочо Зайнеидиновас адвокаташна билгалдоккхур ду кхелан кхеташо дIахьур йолу де.

ПАСЕ-н рапорт тIехь яздийриг бакъ ца дина Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь къизаллаш лелорах Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейн (ПАСЕ) рапортехь яздинарг бакъ ца дац аьлла, дIахьедина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш ю бохуш, шаьш кхоьллинчу историйн бух тIехь хIоттийна ду и документ, цхьаболчу гIирсаша ницкъбина… ( оха лелош дац и дош, хIунда аьлча кхузахь бац и тайпа нах) бохуш, даржийначул тIаьхьа. Кадыровс билгалдаккхарца, Нохчийчу баьхкина бац ПАСЕ-н, я Европан Кхеташонан векалш а, бакъонаш ца ларйо аьлла, яьржина информаци талла.

Спорт в России и мире
Москва

Московские школьники стали победителями всероссийской олимпиады по математике


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

WTA озвучила Елене Рыбакиной условия для становления второй ракеткой мира


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Учения по ликвидации лесных пожаров прошли в Богородском округе





Путин в России и мире
Москва

Париж решил показать, что такое ядерное сдерживание России по-французски


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Желдорреммаш

Улан-Удэнский ЛВРЗ подвел производственные итоги первого квартала 2024 года



Москва

Режиссер мультфильма «Бременские музыканты» Ковалевская чуть не умерла в Москве

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net