Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Новости за 23.06.2018

ЦIеххьана охьаяьлла Путинан рейтиг

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран рейтин цIеххьана охьаяьлла тIаьхьарчу месех кIиранах. Иза гойтуш бу социологаша бина талламаш. Юкъараллана хетарг толлучу ерригоьрсийчоьнан центро (ВЦИОМ) бинчу хаамца, Мангал-беттан 10-17 деношкахь таллам бича гучудаьлларг ду Путине болу тешам лахбелла хилар 77 тIера 72 % кхаччалц. Оццу кIиранах таллам а бина, "Юкъараллин ойла" Фондо далочу терахьашца, Путинехьа кхаж таса кийча болчу нехан терахь лахделла 62% тIера 54% кхаччалц. Социологашна хетарехь... Читать дальше...

Цициган кIорни кIелхьаръяьккхина Нохчийчохь (видео)

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь кIелхьаръяьккхина пена юкъахь йисина хилла цициган кIорни. Иза гойтуш видео гучуяьлла YouTube-хь. Цу видеона тIехь гуш ду дийнатна тIекхача кибирчиган пен бохош жима стаг хилар. Гарехь, цициган кIорнино "мӀаьу" бохуш хезначух тера ду цу кертахь бехачарна. КIорни цу хьоле муха кхаьчна билггала хууш дац. Мох кхетийта йитинчу меттигехула ларамаза йоьжна хила а мега иза цу юкъа.     ​

Некъан полицехь болх бийр бу СаIудерчу зударша

Radiomarsho.com 

Мангал-беттан 24-чохь дуьйна СаIудийн Iаьрбийн Пачхьалкхан Iедалша машенна урхалла дан бакъо елла зударшна. Цуьнца цхьаьна урамашкахула леларан бакъонаш ларъярна терго ечу хьукмато балха эцна хьалхара 40 зуда. Зурий-эпсарша къастор ду некъавзам хиларца доьзна гIуллакхш, хаам бо The National зорбанан гIирсо. Некъан полицехь болх бан хаьржина зударий бу цу балхана оьшуш долу дешар дешна.



Бакаевн верас хила кийча ву Украинин депутат Чубаров

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь Росгвардина тIелетар деш дакъалацарна бехке веш волчу Невран кIоштарчу 25 шо долчу Бакаев Iелина, цуьнан верас а хилла,  тIехIоьтта кийча хиларх лаьцна дIахьедар дина ГIирмерчу гIезалойн Меджлисан куьйгалхочо, Украинин Лаккхарчу Радан депутато Чубаров Рефата. Цунах лаьцна кехат хьажийна цо Киеверчу кхеле, хаам бо цу кехатан копи кхаьчначу Кавказ.Реалиино. Чубаровна хетарехь, Бакаевна тIаьхьадаьлла Оьрсийчуьра Iедала политикан бахьанашца. Росгвардина тIелатар дина хиларна, шеконашкахь... Читать дальше...

ЧIагIаран заводехь ши дакъа карийна Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Дагестанехь Сабнова эвларчу чагIар доккхучу заводехь ши дакъа карийна, хаам бо Кавказ.Реалиино республикерчу таламан урхаллан векалшна тIе а тевжаш. Зудчуьнан а, стеган а декъий Iохкуш хилла чагIарна тIетуху кочалла йолчу чермана чохь. Талламхойн версица, цу шинан садукъаделла евзаш йоцу газ бахьана долуш. Таллам дIахьош бу.

Талламхошна телефонерчу хаамех пайда эцар дихкина Iамеркан Лаккхарчу Кхело

Radiomarsho.com 

ЦӀийнах хьажа елла бакъо а йоцуш, бакъо яц мобилан телефонан долахо мичахь хилла бохучух лаьцна хаамаш Iедалан хьукматашка дIабала. Цу хьокъехь сацам бина Мангал-беттан 22-чу дийнахь Iамеркан Лаккхарчу Кхело. Долахь долу хIума хьадан йиш яц аьлла хетачу нехан толам бу и вердикт, билгалдоккху "Iамеркан аз" зорбанан портало. Кхаж тесча Цхьаьнатоьхначу Штатийн Лаккхарчу Кхелан 5 суьдхо реза а волуш, ткъа 4 дуьхьал а волуш сацам бина, низамаш лардо органашкахь цӀийнах хьажа елла бакъо хила еза, телефонах пайдаэцархо лелла меттиг къастош... Читать дальше...

Молдовера Оьрсийчоьнан эскарш хьокъехь резолюци тIеэцна дуьненаюкъаралло

Radiomarsho.com 

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло кхайкхам бина Оьрсийчоьне, Приднестровьера Молдован Республикера эскарш арадаха аьлла. Цу хьокъехь леррина резолюци тIеэцна Инарлан Ассамблеяно, Молдован а, Канадин а, ткъа иштта цхьамогIа Малхбалерчу а, Юккъерчу а Европерчу пачхьалкхийн дехарца. Цу резолюцин проект тIеэцарехьа кхаж тесна 64 пачхьалкхо. Дуьхьал хилла 15, шайна юкъахь Оьрсийчоь а, Боларуси а, Эрмалойчоь а, Къилбаседа Корей а, Шема а йолуш. 83 пачхьалкх кхаж ца тосуш сецна. Резолюцина критика... Читать дальше...

Мохьамед Салахь - Нохчийн Республикан лараме махкахо

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен омран копи а, некха тIе латош йолу веназ а елла футболхочунна Мохьамед Салахьна, пIераскана сарахь Мисаран футболан тобанна деза хьошалла дечу хIумакхалларехь. "И цIе йогIуш яра (Мохьамед Салахьна). Эзарнаш берийн а, кхиазхойн а, баккхийчеран а ган аьтто хилира кху дуьнентIехь уггаре говза болчу футболах ловзархо волу иза", - элира Кадыровс, хаам бо "Чечня Сегодня" агенталло. Шен агIор Мохьамед Салахьа баркалла аьлла шаьш Соьлж-ГIалахь дика тIеэцарна а... Читать дальше...

Титиев хьокъехь Нойертана жоп делла Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша цецваьлла хилар хаийтина, "Мемориалан" Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб дIахеца аьлла, Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан зорбанан секретаро Нойерт ХIизера кхайкхам барна. Цунах лаьцна Кадыровс яздина шен Telegram-каналехь, хаам бо РБК-но. Кадыровс дийцарехь, Нойерта "ларамаза шена тIеоьцу Оьрсийчоьнан суьдан системан декхарш, Титиев Оюб набахтехь латтор бух болуш дац аьлла" дIахьедар дарца. Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаккхарехь, Титиев лаьцна ву, цуьнгахь наркотикаш карорна. Читать дальше...

Нохчийчоьнан Iедалан куьйгалхо хIоттор ву тIедогIучу кIиранах

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Iедалан керлачу куьйгалхочуьнан цIе йовзуьйтур ю тIедогIучу оршотан дийнахь. Цунах лаьцна хаам бина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, социалан машанехь. Цо дийцарехь, Мангал-беттан 25-гIа де тIекхаччалц министрийн кабинетана куьйгалла дийр ду Iедалан ден хьалхарчу когаметто Закриев ИбраьхIима. ХIинццалц цу даржехь хилла Эдельгериев Абубакар хIоттийна Оьрсийчоьнан президентан гIоьнча.

Спорт в России и мире
Москва

В Москве завершился Кубок России по спортивному программированию


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Вероника Кудерметова завершила выступление на турнире WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Жёсткие экологические требования решат инновационные энерготехнологии





Путин в России и мире
Москва

Петербургский автопром вышел из кризиса, заявил Беглов


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Денис Мацуев

Денис Мацуев выступит на фестивале "Владивостокские сезоны" в рамках ВЭФ-2024



Москва

Как Владимир Кузьмин умудрился трижды сыграть свадьбу с одной женщиной

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net