Краснодарера Соьлжа - ГIала аьчган некъ биллар дехна Путине Кадыровс
Газетано бахарехь, экономикан а, транспортан а министраллашна проект кечъяр тIедиллина Путина. Оцу юкъанна, экспертийн шеконаш ю, аьчганекъан магистраль оьшуш хиларх, экономикехула хьаьжча. Цара ларарца, 1 триллион сом оьшу и проект кхочушъян, ткъа и дукха ахча ду бюджетна а, пачхьалкхийн компанешна а.
