Оьрсийчоьнан футболхоша хIинцале даьккхина 12 миллион доллар
8 миллион доллар лур ду цу тобанна дуьненаюкъарчу футболан федерацино (FIFA) хьалхарчу ловзаршкахь дакъалацарна. Кхин а 4 миллион – рогIерчу муьре яларна.
Финалан ¼ декъе яьллачу тобанашна лур ду кхин а 4 миллион доллар.
Цу кепара, хир болчу чемпионаша доккхур ду 38 миллион доллар. Дато мидал яьккхинчу тобанна лур ду 28 миллион доллар. Ткъа кхоалгIа меттиг дIалаьцначу футболан тобанан чоьта тIехь хир ду 24 миллион доллар.
