Министр Магомадов: Нохчийчохь кхочуш еш ю 404 инвестицийн проект
Нохчийчохь карарчу хенахь кхочуш еш 404 инвестицийн проект ю аьлла, дIахьедар дина республикан территореш кхиаран министро Магомадов Iабдуллас. Цо чIагIдарехь уьш кхочуш еш республике тIеозийна ю 320 миллиард сом барамехь инвестицеш.
Совдегарийн бакъонаш ларъярехула прокуратуро вовшахтоьхначу форумехь вистхуьлуш министро хаам бира Нохчийчохь 20 эзар белхан меттиг кхолла дагахь ду шаьш аьлла, даладо цуьнан дешнаш "Сhechnyatoday" агенталло.