ХIораннан а – шен Iалашо*
ХIораннан а – шен Iалашо*
Кхо гIишлоярхо хилла кибирчигаш кхоьхьуш.
– Хьо хIун деш ву? – хаьттина хьалхарчуьнга.
– Кибарчигаш текхош ву.
– Ткъа хьо хIун деш ву? – хаьттина шолгIачуьнга.
– Ахча доккхуш ву.
– Ткъа хьо? – хаьттина кхолгIачуьнга.
– Со инзаре хаза маьждиг деш ву-кх!...