Америкерчу набахтера маьршаваьккхинчу Бут Виктора Нохчийчохь ЛДПР-н офис схьайиллина
Оьрсийн ЛДПР партин Соьлжа-ГIалахь регионалан дакъа схьадоьллуш дакъалаьцна Америкерчу набахтера маьршаваьккхинчу, тIаккха Оьрсийчоьне схьавеллачу Бут Виктора. "Грозный-Сити" бизнес-центрехь йу и. Нохчийн офис схьайелларх лаьцна шен телеграмерчу каналехь дийцира ЛДПР фракцин пачхьалкхан думерчу куьйгалхочо Слуцкий Леонида. Цо тIетуьйхира, хIоттийначу барамехь дакъалоцуш партин нохчийн декъан куьйгалхо Умаров Джамбулат вара аьлла. Цул а цхьа де хьалха Бута дакъалецира, шех "ДНР" олучу дозанехь партин регионалан дакъа схьаделларехь... Читать дальше...