Граната лелорна бехкейеш йолчу ГIалгIайчуьрчу йахархочо шена тIехь ницкъбина аьлла
Ницкъахоша ша дIалоцучу йукъанна шена тIехь ницкъбина аьлла дIахьедина Несарарчу йахархочо Чемурзиева Лайлас. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиига дийцина цуьнан адвоката Оздоев Басира. Оьккхуьйтург лелорна бехкейо Чемурзиева, хьалхо гергарчу наха дIахьедира, иза лачкъийна аьлла. "Таллам болабалале Чемурзиевина тIехь ницкъ бинера – цунна йиттинера, кхерамаш тийсинера. И бехкейечун статусе йаьккхича ницкъбар сецира", - дийцина адвоката. Цо бахарехь, Чемурзиевина коьртаха, дегIан кхечу меженех а йиттинера, буйнашца а, чохь хи долчу телатан шишаца а. Читать дальше...