Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Декабрь
2017
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 21.12.2017

Гуьмсехь тIелатар ца дина, паспорташка хьовсуш раж хилла

Radiomarsho.com 

"Новая газетан" 20 хьостано а, Гуьмсехь Горькийн урамехь вехачу 17 вахархочо а бакъ ца йина, Гуьмсехь 400 эскархочо ЯмадаевгIеран хIусамашна тIелатар дина аьлла,  "Росбалт" агенталло Iораяьккхина информаци. Газетан хьосто тIечIагIйина Кадыров Рамзанан пресс-секретаран, цу кIоштахь паспорташ толлуш полисхой бара боху информаци. Хила тарло полисхоша лоьхуш волу Ямадаев Iийса, байинчу вежарийн ЯмадаевгIеран Сулиман а, Русланан а ваша, Кадыровн чIирхо Гуьмсехь гучуваьлла боху хаам зен арабевлла хилла а полисхой. Читать дальше...

Гуьмсехь Кадыровн эскарш ЯмадаевгIеран хIусамашна тIелетта

Radiomarsho.com 

Ша бакъйолу тIеман операци ю кху карарчу хенахь Гуьмсехь дIахьош. 400 туьтмIаьжгаш йоьхна, герзах боьттинчу наха дIалоьцуш ду ЯмадаевгIеран доьзалш беха хIусамаш. Камуфляж йоьхнарш цIенош чу а лелхаш, нах дIалоьцуш бу, дуьйцуш бахьана а доцуш. "Росбалтан" хьостано дийцарехь,  делкъал тIаьхьа Гуьмсе чугIоьртина 400 туьтмIаьжгашца яххьаш лачкъйина нах. Билгалдаьлларг ду, Кадыров Рамзанан куьйга кIелара эскархой уьш хилар. ЯмадаевгIеран доьзалш беха Горькийн цIарахчу урамера йоллу квартал дIалаьцна цара. Читать дальше...

Кадыровца цхьаьна ворхI нохчо ву санкцийн тептаршкахь

Radiomarsho.com 

«Тептарш» дузучу фигуранташа шаьш шек а дац боху Майорова Юлия, Павлов Андрей, бизнесхо-бозбуунча Шешеня Алексей, хьалхо оццу «Магнитскийн тептара» баьхна кхин нах а санна, бехкебо аудитор Магнитский набахте а кхаьчийна, цигахь валийтарна. Ткъа важа шиъ, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзанний, Устрада-ГIаларчу полицин буьйранча Катаев Аюббий, кхечу бахьанашца ваьккхина харцонаш лелочу нехан могIара. Iамеркан Штатийн финансийн министралло ша ГIуран-беттан 20-чу дийнахь и пхи стаг тептаре язвеш... Читать дальше...



Иракъера берашца зударий арабаха адвокаташ лоьху Нохчийчоьнан Iедалша

Radiomarsho.com 

Иракъерчу кхелашкахь терроризм яржорна бехкебечу Оьрсийчоьнан зударийн бакъонаш ларъян адвокаташ лоьху Нохчийчоьнан Iедалша. Гергарчу Малхбален а, Къилба Африкерчу а мехкан куьйгалхочун векало Сабсаби Зияда бина и хаам журналисташка. "ТIаьхь-тIаьхьа хало ду бакъонан, юридикан планехь аьлча. ХIунда аьлча, вайн зударий а,  14 шо кхаьчна зудабераш а Иракъехь амнисти юкъа ца боьлху. Кхелан сацаме хьаьжжина хуьлу гIуллакх. Цундела Кадыров Рамзана тIедиллина Багдадерчу кхелашкахь бакъонаш ларъяйта адвокаташ, юристаш лаха аьлла", боху Сабсабис. Читать дальше...

Нухажиев: Кадыров "Магнитскийн тептаре" ваккхар - абсурд ю

Radiomarsho.com 

Шеконаш йолу стаг бехкевар дихкина хилар дохийна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа, "кхел йоцуш нах хIаллакбина аьлла, Кадыров Рамзан бехкала а воьллина, "Магнитскийн тептаре" а воккхуш аьлла ТАСС агенталле Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиев Нурдис. "Кхел йоцуш нах байар, адамашкахь Iазап латтор, кхечу кепара адамийн бакъонаш хьешар, Кадыровн жоьпаллехь ду бохург юридикан абсурд ю. Оцу дIахьедаршца Штаташа шаьш йохош ю коьрта принип – бехкецахиларан презумпци. Бух боцуш, тоьшаллаш ца далош, Нохчийчоьнан... Читать дальше...

Москохарчу студенте гечдар дехийтина кегийрхой дIабаьхна университетера

Radiomarsho.com 

Камерана хьалха етта а етташ, бусулбанаш хьайна къинтIера баха бохуш, Князев Алексейна ницкъбинарш шаьш доьшучу Москохарчу РАНХиГС университетера дIабаьхна. "Двач" порталан Telegram-каналехь зорбане йиллина студенташ дIабахаран омран копи. Оцу документца а догIуш, шолгIачу курсехь доьшуш хилла Кодзоев Мурат а, хьалхарчу курсера Ракитин Петр а, Новосильцев Николай а, Саркисян Георгий а, Хамхоев Рашид а доьшийлера мукъаваьккхина.. Кавказера мехкаршна хIунда ца мега оьрсийн кегийчу нахаца гергарлонаш... Читать дальше...

Кремлна цатайна Кадыровна Iамерко санкцеш тохар

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло "Магнитскийн тептаре" ваккхар ца тайна Кремлна. "ДогIуш дац санкцеш тохар, тхуна уьш доттагIалле ца хета, тхо реза дац", - аьлла Оьрсийчоьнан пресс-секретара Песков Дмитрийс. Дуьхьал а цу кеппара гIулчаш яха там бу шаьш аьлла Кремлан векало. Iамеркан бахархойх тептаре язван кхачош  Кадыровх тера мила ву аьлла хаьттича, кIезиг бу царлахь цуьнга кхочу нах аьлла, жоп делла Песковс. Кхааридийнахь дийца даьккхира... Читать дальше...

100 зуда а, бер а цIадерзийна Иракъера а, Шемара а

Radiomarsho.com 

Шемарчу а, Иракъерчу а тIемашкара кIелхьарабаьхначу нахана шайн гергарнаш лохуш а, кехаташца цхьалхо еш а гIо до лерина кхоьллинчу комиссино аьлла, белхан хьокъехь Пермехь йолчу берийн омбудсмено Кузнецова Аннас. Комиссино гIо до бераш школашка а, берийн бошмашка а дIатардеш а. "Да-нана доцуш дисина бераш шайн гергарчаьргахь ду. Халонаш лайна и бераш дистхуьлуш ца хуьлу. Шок лайна цара, царна психологийн гIо оьшу, адамаех дIаэн", боху бакъонашларъярхочо. Тахана болчу хаамашца, 100 гергга зуда а... Читать дальше...



Шеларчу бахархойн цIенош дIахьокхуш ду Iедалхоша

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Шелахь тIетаьIIина юкъ шоръеш, дIахьоькхуш ду бахархойн цIенош. 7 тIекIелдинчу цIенойх а, Кадыров Рамзанан цIарахчу маьждигах а лаьтташ хир ю Керлачу шарна кечъеш йолу Шали-сити аьлла, хаамбина "Кавказ.Реалии" портале меттигерчу бахархоша. Соьлж-ГIала боьду машенийн некъ шорбархьама шина урамера цIенош дIахьаькхна Iедалхоша. Гермчиг агIора гIали чу вуллучуьра (Ленинан цIарах лаьттина урам) доллу дахарехь баьхначийн 43 хIусам йохо сацам бина. Иштта Жимачу-АтагIа боьдучу "Учительская" урамера 23 цIа а дIахьокхуш ду. Читать дальше...

Оьрсийн кхиазхойн талорхойн тоба лаьцна Венехь

Radiomarsho.com 

13 кхиазхочох лаьтташ йолу талорхойн тоба лаьцна Венерчу полисхоша. ТIаьхьарчу шина баттахь Австрин коьртачу шахьаран йистошкахь иттанаш нахера ахчанаш а, телефонаш а, тIеюху хIумнаш а схьаяхарна лийцинчу кегирхой 14 шарера 18 шаре кхаччалц хенаш ю. Уьш оьрсийн а, украинхойн а, болгархойн а, сербхойн а, кхин а масех Малхбалерчу Европерчу къаьмнийн а орамаш долу нах бу. Венерчу полицин урхалло бинчу хаамца, доккхачу декъехь буьйсанна арабовлуш хилла и талорхой шайн зуламаш дан. Даима а тобанца лелаш... Читать дальше...

Росгвардин полкан керла куьйгалхо ву

Radiomarsho.com 

Росгвардин Кадыров Ахьмадан цIарахчу 141-чу полкан командир хIоттийна лакхара лейтенант Тушаев Мохьмад. Мехкан куьйгалхочо эскархошна вовзийитина иза. Бутт  хьалха Маршо Радионо шен агIонехь яздинера, Росгвардин цхьана полкан хьалханчана, полковникна Абдулкадыров Рахьманна "кадыровгIара" еттарх. Масех эскархочо социалан машанашкахула мехкан куьйгалхочуьнга аьрзнаш кхехьийтинчул тIаьхьа вохийра Абдулкадыров даржах. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу («Север») полкан командир хилла полковник Абдулкадыров... Читать дальше...

Кхо шо долу йоI Соьлж-ГIала кхачийна Иракъера

Radiomarsho.com 

Да-нана делла йисина, Иракъехь карийна кхо шо долу йрI кхааридийнахь кеманца Соьлж-ГIала а кхачийна, шайн гергарчарех дIатоьхна. Оьрсийчоьнан бахархойх Иракъехь керла тоба хааелла Гергарчу Малхбалехь а, Къилба Африкехь а Кадыров Рамзанан векал волчу Сабсаби Зиядна аьлла, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Инстаграмерчу шен агIон тIехь бинчу хаамех яздира Маршо Радионо. 28 берца 13 зуда карийнера Иракъерчу куьпахь. Царех цхьа зуда Нохчийчуьра орамаш долуш хиллера, дукхахболу зударий а, бераш а Дагестанера. Читать дальше...

"Архыз" а, "Ведучи" а кийча ю боху туристаш тIеэца

Radiomarsho.com 

Iаьнан кечамаш а бина, туристаш тIеэца кийча ю "Архыз" , "Ведучи" курорташ. Къилбаседа Кавказан гIуллакхийн министраллехь дIаяьхьначу кхеташонехь дийцаредина курортийн эксплуатацех. Массо а курорташкахь лаьмнашкахь ког-салазаш хехкаран инфраструктура а, туристийн кхерамзалла а ларъеш, хьелаш кхоьллина шаьш боху Iедало. СадоIийлийн майданашкахь мичча хенахь а сема орцанхой хир бу, инструкторш а цхьана. "Ведучи" туристийн садоIу комплексан гIишлош а, оьшуш йолу инфраструктура а болх бан кийча... Читать дальше...

"Лаьмнийн вежаршка" кехат яздина оьрсийн дизайнеро

Radiomarsho.com 

Нуьцкъала адамашка гечдар дехийтаран хьокъехь социалан машанехь "Лаьмнашкарчу веше диллина кехат" аьлла, кхайкхам бина дизайнеро Лебедев Артемийс. ТIаьххьарчу шерашкахь Къилбаседа Кавказан регионашкахь, цкъа хьалха Нохчийчохь, цул тIаьхьа кхечу республикашкахь а даьржина ду нах къинтIерабахар. Хьенан цIарх ша кехат яздо, дуьйцуш дац Лебедевс. Ша тидам бина боху цо, керлачу ламастан - муьлхха а критика хезнехь, бехказло лоьхуьйту, хьоьга гома хьаьжнехь а, бехк цабиллар доьхуьйту, хьан йишех ларамза дош алахь а, къинтIера валар доьхуьйту. Читать дальше...

Кутаев Руслан политика юкъа ваха дагахь ву

Radiomarsho.com 

Кхааридийнахь набахтера маьршаваьккхинчу Кавказан Ассамблеян куьйгалхочочо Кутаев Руслана, ша кхоьруш вац, Iедал шена тIехьадаьлла леларна, административан тоьхначу дозанан хан кхаьчначул тIаьхьа оьрсийн политике юхаван дагахь ву ша аьлла. Цкъачунна талламан белхаш а язбеш, хан йойур ю ша боху Кутаевс. Цо бахарехь, кхааридийнахь Москох кхаьчна иза кеманца. Цигара дIа Иванове ваха везаш а ву. Кхелан сацамца дийнна шарахь оцу гIалахь хан яккха везаш ву иза, реистраци цигахь хиларе терра. Амма кхелан сацамна латкъам бан дагахь ву иза. Читать дальше...

Кадыровна дуьхьал Iамерко санкцеш яхар "русофоби" ю аьлла Клинцевича

Radiomarsho.com 

Кадыров Рамзан Iамерко "Магнитскийн тептаре" язвар "русофоби" а, "Iовдалалла" а ю аьлла тIеман а, кхерамзаллан а комитетан куьйгалхочун гIовса Клинцевич Франца. "Нохчийчоь бусулбачу мехкашлахь тахана маьрша мохк хилла дIахIоьттина Нохчийчоь. Дуьненаюкъара терроризм яржарна дуьхьало а латтош. Цхьа бIаьрзениг хир ву тахана и ца гуш", - аьлла, яздина шен Фейсбукерчу агIон тIехь сенатора. Тутмакхаша даим аьрзнаш дора, шайн бакъонаш оцу набахтин хьаькамаша а, хадархоша а хьоьшу, бохуш. ХIермитаж фондан аудитор Магнитский Сергей... Читать дальше...

Умаров: Цхьаболчу инарлашка цадалург до Кадыровс

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIаларчу полисхойн дакъошна тIехь урхалла дан хIоттийначу, лейтенантан чинехь волчу Кадыров Хас-Мохьмаде "цхьаболчу инарлашка цадалург далур ду" аьлла РБК-н агенталлана еллачу интервьюхь зорбан министро Умаров Джамбулата. Оцу дарже Кадыров хIоттийна хиларх хьалхо яздира зорбанашкахь. Ткъа оршотдийнахь мехкан куьйгалхочо полисхошна официалехь вовзийтира керла хьаькам. Инстаграмерчу шен агIонтIехь Кадыров Рамзана хаамбинера, кху беттан 18-чохь белхахошна керла куьйгалхо вовзийтина ша хиларх. Читать дальше...

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net