100 зуда а, бер а цIадерзийна Иракъера а, Шемара а
"Да-нана доцуш дисина бераш шайн гергарчаьргахь ду. Халонаш лайна и бераш дистхуьлуш ца хуьлу. Шок лайна цара, царна психологийн гIо оьшу, адамаех дIаэн", боху бакъонашларъярхочо.
Тахана болчу хаамашца, 100 гергга зуда а, бер а даймахка дерзийна Иракъера а, Шемара а нохчийн Iедалхойн гIоьнца. Нохчийчуьра, Дагестанера, Башкирера, Тверера, Нижневартовскера, Казахстанера, Узбекистанера бахархой бу уьш.
Иракъера а, Шемара а бераш а, зударий а цIа берзо болийра, Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен Инстаграмерчу агIон тIехь RT телеканалан корреспонденташа Багдадерчу берийн цIийнехь яьккхина ролик зорбане яьккхинчул тIаьхьа. Оцу ролик тIехь дуьйцура, Оьрсийчуьрчу дайша-наноша "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхетачу хенахь, шайца дIа а дигина, Иракъан Мосул маьршаяьккхинчул тIаьхьа дIатисинчу берех.
