Саидов Билал. Нана
Дуьххьара мотт Iемаш, Беро хьан цIе йоккху, Бала тIех баьлча, Тхан дог хьоьга кхойкху. Аганан гIожа тIехь Набаран тар туьйсуш, Буьйсанан тийналлехь Набарах хьо юьйлуш, Ахь накха баийнарш, Ахь доггах хьистинарш, Ахь безаш кхиийнарш Массанхьа кхуьуш бу. Луьра тIом кхехкачохь, Даймехкан сий лардеш, Маьрша болх кхехкачохь, Вайн дахар токхе деш, Уьш кхочу массанхьа, Стиглахь а, лаьттахь а. Гучара дIабевлча, Лалур дац и моьттуш, Хьайна дукха безаш, Ахь хьоме лелийнарш ... Читать дальше...