Маца мукъадер ду къам КадыровгIарах?
Кадыров Рамзанна тажтиллина рогIехь. Кхин а пхеа шарахь цунах «паччахь» баха тIедужу нохчашна. Карарчу хенан истори схьаэцча, 16 шо ду Нохчийчоь КадыровгIеран карахь лаьтта. Нийсса бIостанехьа а лаьтташ, даима къовсаме а буьйлуш, ши хьажам беха Кадыров-воккхачунна а, Кадыров –жимачунна а гонах.