Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан гIоьнчо Кадыров Хьасайна Москох гIо дехна низамаш лардечу органашка, шена къола дина аьлла, яздо «Московский комсомолец» газето.
Кадыровс яздинчу дIахаийтарца, ГIура-беттан 26-чу дийнахь сарахь 10 даьллачул тIаьхьа Москох Ленинградан проспектехь цуьнан Mercedes машен чуьра лачкъийна ахча а, iPhone 6 а, iPad а чохь йолу тоьрмиг. Зе дина хилла Кадыровна 600 эзар соьмана.
Цхьа де а далале къоладинарг лаьцна полицино. Иза ву 51 шо долу болх боцуш лелаш волу Тула кIоштара вахархо. Читать дальше...