Нохчо Батукаев Iазиз бахьанехь экс-президент Атамбаев набахте хьажийна
Маьрша Европа/Маршо Радион гIиргIазойн меттан сервисан «Радио Азаттык» Шайн пачхьалкхан президент лаьттинчу Атамбаев Алмазбеке набахтехь 11 шо, 2 бутт такхийта сацам бина кхело ГIиргIазойчохь. Амма дерзанза ду цунна дуьхьал айдина кхин а массех дов. Атамбаев Алмазбек лаца а кхайкхош, уггаре хьалха цунна дуьхьалтоьхнарг дара цо 2013-чу шарахь Нарын гIаларчу набахтехь хан токхуш Iен нохчо, «тутмакхийн эла» Батукаев Iазиз хеназа маьршаваккхар. Читать дальше...