Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Октябрь
2023
1
2 3 4 5 6
7
8
9 10 11 12 13
14
15
16 17 18 19 20
21
22
23 24 25 26 27
28
29
30 31

Францера историн хьехархо верах лаьцна комментари йазийна нохчо терроралла къобалдарна бехкевеш ву

0
Ставрополан махкахь 19 шо долу нохчо терроралла къобалйарна бехкево. Кхо шо хьалха комментари йазйина хиллера цо нохчочух Анзоров Iабдулах лаьцначу видеона кIелахь – Charlie Hebdo журнало Мухьаммад пайхамарна йехкина картикатураш гайтина волу хьехархо Пати Самюэль 2020 шарахь вийнарг ву иза.


Расул цIе йолу Георгиевскера вахархо ву вуьйцург (цуьнан фамилии йоккхуш йац. – Билг.) – Анзоровх лаьцна йолчу видео кIелахь цо кхо эмодзи йитина боху: лом, ирх хьажийна пIелг, дог а, йаздо "Сапа Кавказ" телеграм-канало. Оцу арахецехь терроралла къобалйар гучуделира лингвистикан экспертизина, дуьйцу Baza, телеграм-канало. Расул ши шо даьлча бен карийна вац аьлла тIетуху цо.


Цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна, гуш-хезаш терроралла къобалдар бохучу артиклехула цунна ворхI шаре кхачалц набахтехь йаккха хан тоха мега. Оцу махкарчу МВД-н, СКР-н сайташкахь и кIант дIалацарх лаьцна хаамаш бац, йа цуьнан хьокъехь бинчу сацамах а ца дуьйцу цигахь.



47 шо долу историн а, географин а хьехархо Пати Самюэл вийра 2020-чу шеран гIадужу-беттан 16-хь. Хьехархочо ша вен масех де дуьссуш, школехь берашна дешан маршонан мах буьйцуш, довзийтина хилла Charle Hedbo журнало Мухьаммад Пайхамар аьшнашвеш дехкина суьрташ, амма аьлла хиллера, бусулба дешархой классера арадовла йиш ю, шайна и карикатураш йогIуш ца хетахь.
Патица вевзаш хилла воцу 18 шо долу Анзоров IабдуллахI хьехархо болх беш хилла йолчу колледже веара - Патина критика йеш видео гина хиллера цунна. Хьехарчуьнга собар а дина, урс тоьхна вийнера цо иза, тIаккха схьабаьккхинчу коьртана сурт а даьккхина, Макронна лерина твит хIоттийра цо. ДIалаца гIертачу юкъанна полицино вийра Анзоров. Иза Нохчийчохь дIавоьллина.



Пати Самюэль верца йоьзна резонанс гIаьттича Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "терроран иркархIотториг" ву аьллера Макрон, цо дешан маршо къобалъярна, иштта тIетоьхна цо, "оцу тайпа реакцин тIаьхьалонаш бохаме хила мега" аьлла. "Массо бусулбачу нехан мостагI" аьлла францхойн президентах Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахьа. 2021-чу шеран гезгмашин-баттахь Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада дIахьедира, Анзоров "джихIадехь велла" аьлла.  
Дайначу шарахь францхойн Ниццехь политикан тховкIело йоьхуш хилла волу Нохчийчуьрчу вахархо Абуев Iабдул-Къадир терроризмана пропаганда йарна бехке а лаьрра, набахтехь даккха шо хан тоьхна, Францехь вахар дихкина цунна. Абуевс инстаграмехь дина арахецарш хилла кхелехь материалаш, цуьнан агIонна тIевазвелла 18 эзар стаг вара.




 





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net