Францера школана ша тIелатале ГIалгIайчуьра вахархочо видео йазйина хилла даIишна ваIда деш
ГIалгIайчуьра вахархочо Могушков Мохьаммада ша Францера школана тIелатале хьалха видео дIайазйина хилла, ша даIишан цIарах лелаш ву аьлла. Цунах лаьцна хаамбина францхойн цхьа могIа зорбанаша, иштта "Radio France", "Le Figaro" гIирсаша а. Иза лаьцначул тIаьхьа цуьнан телефон чохь карийна видеош а, аудиош а, цу тIехь Могушковс ваIда до "Исламан пачхьалкхана" тешаме хила. Цкъачунна хууш дац, уьш Интернетехь йаржийна хиллий, билгалдоккху "Radio France" ресурсо. Талламхой тешна бу, хьалххе цхьа ойла а йина, дина зулам ду аьлла. Читать дальше...