Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Сентябрь
2023
1
2
3
4 5 6 7 8
9
10
11 12 13
14
15
16
17
18 19 20 21
22
23
24
25
26
27 28 29
30

Кремлан дарбанан цIийнера видео йаржийна Кадыровс. Девешин цамгарх дIахьедина цо

0
Карладаккхар: видео дIайазйеш дакъалаьцначу лоьрах а, дукха хан йоццуш Кадыровс деваша винчу денца декъалварх а,  цу тIехь цхьа а цамгар ца йуьйцу цо, хаамаш тIетоьхна.

 


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана видео хIоттийна, цу тIехь шен деваша Кадыров Мохьмад волчохь дарбанан цIийнехь ву иза. ЧIагIдарехь, видео дIайазйина Москвара президентан гIуллакхашкахула йолчу урхаллин дарбанан цIийнехь гезгамашин-беттан 20-чохь. Кадыровн могушалла эшна бохуш, хаамаш баржийначу йукъанна гучуйаьккхина йу видео.


Кадыровн телеграм-каналехь зорбане йаьккхинчу ролик тIехь ву Кадыров Рамзан, Пачхьалкхан думин депутат Делимханов Адам, Оьрсийчоьнан президентехула Нохчийчоьнан цIарах векал волу Таймасханов Бекхан а Кадыров Мохьмадна дарба дечу палати чохь. ЦIен цIе ца йаьккхинчу лоьро боху, ши кIира а ду пациент дарбанан цIийнехь волу, кхин а шина кIиранах чохь латтон а везар ву, тахана гезгамашмин-беттан 20-гIа ду аьлла, де билгалдоккхуш. ХIун лазарца ву Кадыров Мохьмад, хоуьйтуш дац.


Видеона йинчу комментарийхь Кадыровс чIагIдо, белхан хьокъехь Москва веанчуьра девешина тIехIоьттина ша, амма цунах лаьцна кхин цхьанхьа а хаийтина дац.  Кадыровн могушаллех дуккха а дийцарш хиларна, публикацехь комментарий йу: "Со могуш-дийна ву, кхеташ вац со, нагахь санна, со цомгаш хиллехь а оццуш гIовгIа стенна йаьккхина?", - йаздина Нохчийчоьнан урхалхочо.


Flight Radar сайтан хаамашца, гезгамашин-беттан 18-чохь дуьйна Москвахь хилла Кадыровн долара кема, гезгамашин-беттан 20-чохь Iуьйранна Соьлжа-ГIала дахара, дукха ца Iаш Москва йуха а догIуш. Гезгамашин-бутт болабелчхьана и кема кхин а  кхозза дахна Москва.


Карладаккхар. "Агентство" гIирсана вевзина видео тIехь хилла лор – ву иза анестезиолого-реаниматолог Кучкин Кирилл, иза билггал болх беш ву ЦКБ-хь. Видео маца дIайазйина йу шега хаьттича, реза вацара иза жоп дала.


Карладаккхар 2. Оппозицин нохчийн NIYSO телеграм-канало терго йина, пхи де хьалха инстаграмера ya_pomoshnik_kra_95 аккаунтехь Кадыров Рамзанан цIарах винчу денца Кадыров Мохьмад декъалвеш хIоттийна пост хиларх. Оцу дийнахь олуш ма-хиллара, могушалла латтайойла а боху цу тIехь, амма цамгарх лаьцна дош дац. И аккаунт  Кадыровца йузу, Нохчийчоьнан Iедалхоша Даудов Iумара лелош йу боху и агIо.


Оцу кепара декъалвира Кадыровн деваша цамгар ца хьехош Закриев ИбрахIима (Якъуба) – Кадыров Рамзанан йишин кIанта, дукха хан йоццуш национализаци йинчу Danone компанин урхалле хIоттийна волчу.



ДIадахначу кIиранах хаамийн гIирсашкахь дийца даьккхира Нохчийчоьнан урхалхочун могушалла цIеххьана талхарх а, Москварчу ЦКБ-хь цунна дарба деш хиларх а. КIира йуккъе даьллачу хенахь масех оппозицин каналаша хьасташ а ца йуьйцуш хаамбира, Кадыров Рамзан комехь ву аьлла.
КIирандийнахь иза тIехь волуш видео гучуйаьккхира. Цу тIехь Нохчийчоьнан урхалхо аллейхь воьдуш ву, цо боху "бакъдерг харцдолчух къастон ца хуурш, ара а довлий, мохех дуьйлалой, шайн корта меттабалабе" аьлла. Шен могушаллех лаьцна Кадыровс хIуммаъ а ца олу. ЧIагIдарехь, видео Соьлжа-ГIалахь дIайазйина цу, амма билггал хууш дац маца йаьккхина йу и.
Хетарехь Оьрсийчоьнан бакъоларйаран органашца йоьзначу ВЧК-ОГПУ телеграм-канало, шен хьасташна тIетевжина, хаамбира, кIирандийнахь Iуьйранна дуьйна нохчийн номершца мешенаш гулйеллера ЦКБ-на хьалха аьлла. Уьш дозана тIе  йуьтура, бохура, машенех талламаш а ца беш. Информаци кхин цхьаммо а тIечIагIйина йац.
Кху кIиарнчохь президентан Путин Владимиран пресс-секретарь шозза дуьхьал хилира Кадыровгарчу хьолах лаьцна деллачу хеттаршна жоп дала.
Кадыров Мохьмад – Кадыров Рамзанан деваша ву, Нохчийчуьра йезачу атлетикан Федерацин президент ву. 





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net