Кадыров: Москвахь керла маьждиг делла реза хилла Путин
Москвахь керла маьждиг делларх йолу идей къобалйина Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира, аьлла дIахьедина Кадыров Рамзана. Южное Бутово кIоштарчу шен ден Кадыровн Ахьмадан цIарх болчу урамехь доьллур ду иза, бохуш чIагIдо Нохчийчоьнан куьйгалхочо. И хаттар Кадыровс, Путина а дийцаре дира селхана хиллачу Москварчу цхьаьнакхетарехь, дуьйцу Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграм-каналехь. Кадыровс чIагIдарехь, Путино аьлла "динца болчу наханна и проект вуно ладаме йу, маьждиг доттарца долу хаттар хьалххе дуьйна дийцаре дан дезара". Читать дальше...