Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Ноябрь
2021

Спикерна Даудовна жоп делла гIалгIайн "тайпийн кхеташоно"

0
Нохчийчуьрчу Iедалийн цIарах видеод1ахьедар арахецна YouTube-каналехь ГIалгIачоьнан "тайпийн къеташо" вовашахтохаралло.


Оцу кхеташонан гIантден Даскиев Муртан дехарца иза дIадешена Богатырев Батыра, цо дийцарехь, шина субъектана юкъарчу дозанцах лаьцна хаттарехула " вовшахтохаран тIеххьара дIехьедар" ду аьлла.


"Оха дийъира[нохчашка а, гIалгIашка а], бусулбанаш санна лела аьлла, вовше сийсаз ца деш, - гочдина и д1ахьедар "Кавказский узел" (арахьарчу агенташна юкъатоьхна ю Оьрсийчоьнан Iедалша) сайто. - Дерригдуьненан гIалгIайн Конгрессо комисси кхоьллина. Тхуна лаара нохчаша а и тайппа комиисси кхолла, охьахевшина барт бан, ца балахь, сацам хила беза шарI буха а диллина. Тхоьна хьунха дуьйла боху, Фортанган кIошта, цигахь [Даудовс]ша а дуй буур бу, тхоьга а дуй баа бохуш. Амма иза шарIа тIехь бина сацам ца хуьлу".


"Тайпийн кхеташонан" къаноша дийцарехь, гIалгIайн халкъа юьйцург билггала цхьа юрт яц, дуьйцург ду 2018-чу шарахь, цара ма аллар, "низамца богIуш боцу" барт бар а, исламо ма бохху территори екъар ду.


"Тхо сатухуш хир ду, нийсонца, исламца, шарIо ма бохху и хаттар дIакъовла нах гучубовллалц, шина а халкъан цIарах иза дан векал бина болу. Цунна оьшург тхоьхь долущ ду, дерриг кийча ду. Шина а республикан Iедалшна дика вевза вайн президент Путин Владимир. Ша сийсазвеш хIума аьлча цо атта жоп делира: "Кто как обзывается – тот так и называется" (Луьш ша цIе тоьхнарг ву иза ша). Кху тIехь совцур вай", – аьлла ду дIахьедарехь.



Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанех бертана куьйгаш яздира 2018-чу шеран Гезгмашин-беттан 26-чу дийнахь, хIетахь гIалгIайн куьйгалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бека а, Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана а. ТIаьхьо Оьрсийчоьнан Конституцин кхело а тIечIагIдира сацам бакъонца бу аьлла. Оцу тIехула митингийн тулгIе гIаттийра ГIалгIайчохь: акцеш дIаяьхьира 2018-чу шеран гурахь а, 2019-чу шеран бIаьста а. Дозанаш къастор нийсонца дацара, протестхошна хетарехь.
Масех де хьалха Кадыровс "провокаторш" бу элира, "националистийн карта ловзон гIерта" протестхой, ГIалгIайчоьнна дуьхьал ницкъбоккхур бу аьлла, кхерам а тосуш.
Инстаграмерчу шен агIонехь хIоттийначу эфирехь вистхилла нохчийн парламентан спикер Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъарчу дозанех йолчу гIалгIайн тайпанийн Кхеташонан декъашхойн позицина критика еш. Нохчийн парламентан спикеро дIахьедина, Кхеташонан декъашхой – Нохчийчохь "куьйг лун нах бац" аьлла.
"Шух цхьахволчо дIахьеде, хоккху дийнахь, оццу меттигехь Фортанган доза хадон дагахь ву ша алий, ас дош ло-кх, шун хечех байракх а йина, хийистехула дIасавохуьйтур ву аьлла. Олуш ма-хиллара, дIа а хьарчийна, юхахьажор ву", - аьллера Даудовс.
Оццу суьйранна Пачхьалкхан думан депутат Делимханов Адам вистхилира ГIалгIайчоьнан тайпанийн Кхеташонан декъашхоша динчу дIахьедаршна кIоршаме жоп луш. "ЖIуганийн тоба" ю элира цо царна, нохчашна шайн хетарг дIаяккха аьлла, питана а тосуш.
ТIаьхьо нохчийн парламентан депутат волчу Ханбиев Мохьмада билгалдаьккхира шен вистхиларехь, шаьш лелорриг лелочу нохчийн эмигранташца цхьаьнакхетча гIоле ду ГIалгIайчоьнан тайпанийн Кхеташонан декъашхошна аьлла. "Шу санна ловсакхаш (болтуны) ю уьш а, царна а хазахета, шуна а санна, дукхалуьйш", - дIахьедира цо шен видеохь.


 





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net