Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Октябрь
2021

"Спутник V" вакцина къобалъяран процедура юхайолийна ВОЗ-а

0
Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашъяран организацино (ВОЗ) юхайолийна оьрсийн  коронавирусна дуьхьал "Спутник V" вакцина цIеххьана оьшучохь пайдаэцийта къобалъеш процедура. Организацин реестрехь бина и хаам.


"Спутник V-н" официалехь йолчу агIонехь твиттерехь яздо, вакцина юхазуьйш процесс "графикца дIахьош а ю, зераш чакхене а дирзина" аьлла. ВОЗ-ан инспекторийн тоба кеста Оьрсийчу яха езаш ю, цигахь оьшу талламаш бан а, кехаташ нисдан а, билгалдоккху хаамехь.


ТIебогIучу шина баттахь вакцина магор ю аьлла, дегайовхо ю "Спутник V" вакцинан дистрибуцехь дакъалоцучу оьрсийн инвестийцийн фондан.


Гезгамашин-баттахь хаамашка даьккхира, ВОЗ-о "Спутник V" вакцина зер сацийна аьлла. Бахьана дара, и вакцина арахоьцучу цхьахйолчу заводехь цхьацца кхачамбацарш гучудовлар. Юьйцург муьлха завод яра, дуьйцуш дац.


Мангал-беттан юккъехь ВОЗ-ан экспертийн тобано гучудаьккхира "Спутник V" ечу Уфарчу "Фармстандарт-УфаВИТА" заводехь бакъонаш талхор. Бехкбаккхар доьзна дара гонахара Iалам лардарца.


"Спутник V" арахоьцуш ю Оьрсийчуьрчу ворхI майданахь: Гамалейн цIарах йолчу "Медгамал" центрехь а, "Биннофармехь", "Р-Фармехь", "Биокадехь", "Генериумехь", "Леккохь" а, "Фармстандарт-УфаВИТА" центрехь а.




Масех пачхьалкхерчу эпидемиологийн а, биологийн а тобано медицинан коьртачу The Lancet журналехула яккхий шеконаш кхайкхийра Оьрсийчоьно коронавирусан инфекцина дуьхьал кхоьллина "Sputnik V" вакцина кхоалгIачу фазех чекхъяккхарх долчу зерийн а, иза кхераме цахиларх лаьцна далочу тоьшаллийн а хьокъехь.


Критика ечу авторша зийна "Спутник" кхоьллинчийн аргуметаш, яздо дуккха а долу тоьшаллаш бакъ цахиларх, цхьа талламаш кхечу талламашца богIуш бацарх лаьцна (масала, вакцина, Оьрсийчоьнан официало чIагIдарехь, цхьабосса эвсаре ду берашна а, баккхийчарна а). "Спутник" кхоалгIачу фазех чекхйоккхуш гучудевлла жамIаш ца довзийтина Оьрсийчоьно, ца бина и болх кхетташ хIоттийначу низамехь. Iилманчийн тоба реза яц дарба зуьйш бина болх бовзуьйтуш бацарна, ткъа оцу кепара хаарш а доцуш хала ду вакцинин мехалла ма-ярра йовза.


Оьрсийчоьнан дипломатин урхалло дуккхаза а дIахьедина, Малхбалерчу хаамийн гIирсаша дакъа а лоцуш, "Спутник" сийсазъеш хьийза Малхбузе, аьлла. Ткъа вакцина хастош Iедалхоша тоьшалле хIиттадо хьалха Lancet журнало цуьнан башхаллах лаьцна яздина хилларг.





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net