Нурмагомедов Хьабиб реза вац юха лата
"Хаам кхаьчна соьга цуьнгара: "Маршалла, Сен-Пьер Жорж хьоьца лата лууш ву". Ас жоп делира: Ас хIун дан деза?" Со хIоьттина. Билггал чекхдаьлла дерриг а", - аьлла Нурмагомедовс.
32 шо долчу Нурмагомедовс ша эйинчу кепийн летаршкахь волуш дIадаьхьина 29 цхьаьнакхетар, ца эшна цкъа а. UFC-хь 2012-чу шарахь дуьйна вара иза, цигахь 13-зза тоьлла.
2021-чу шеран Зазадоккху-баттахь Нурмагомедов Хьабиб, цо карьера ерзорца доьзна, ваьккхира UFC-н массо а рейтингашкара. Ша спорт юьтуш хилар дIахьедира цо америкахо Гэтжи Джастин ша эшийначу дийнахь – стохка ГIадужу-беттан 24-чохь.
