Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Март
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
14
15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

БуьритIера схьаваьлла стаг ву Беларусан президент Лукашенко Александр хийца тарлучу нахалахь

0
Лукашенко Александра, ша Гродно кIошта вахана волуш, хьахийна Беларусин президентан дарже шел тIаьхьа хIитта тарлуш болчу даржхойн цIерш - шиннан цIе ю яьккхинарг. Цхьаъ ву царех Къилбаседа ХIирийчуьра схьаваьлла Беларусан милицин инарла-лейтенант, хьалха чоьхьарчу гIуллакхийн министр хилла Караев Юрий.


27 шарахь пачхьалкхан коьртехь Iачу Лукашенкона стохка дуккха а бахархоша дуьхьалъехира протестан акцеш, уьш ницкъаша дIалакъийра, и дерриг а юьхьаръэцначух тера ду цо - "Молочный мир" фирмерчу белхалошца къамел деш цо элира, хенан йохалла кхин президенташ а хир бу Беларусехь.


"Ас шуна гаранти ло. ТIаккха дустур аш дерриг а, кхетар ду шу. Ткъа цкъачунна собар деха шайна", – аьлла президента.


Лукашенкос бахарехь, иза хийцарца дерг къасталур ду харжамашкахь, хила тарлуш волу кхин цхьа кандидат ву Гродно областан администрацин куьйгалхо Караник Владимир.


"Кхузахь сан ши стаг ву (Караев а, Караник а), цара дакъалаца тарло президентан харжамашкахь, ондда кандидаташ хир бу уьш. Цхьаъ инарла ву, важа – губернатор. Къона, керла цкъор, кхетам болуш, кху мехкан мах бевзаш", – билгалдаьккхина Лукашенкос, шен кIентех цхьа а шен метте гIертар воцийла а хьахош.


Караев Юрий Беларусан чоьхьарчу гIуллакхийн министр хIоттийра стохка протестан гуламаш марсабевллачу хенахь – гурахь. Цуьнан куьйгакIелхьарчу ницкъхоша гIелонаш латтийна шаьш лоьцучу демонстранташна тIехь, таIзарш деш, сийсазбеш, тоьшалла до дукха наха. БIеннашна йина чевнаш юкъабаьккхинчу лерринчу гIирсо, етташ лазийна изоляторшкахь дукха нах. Масийтта стаг вала а велла.


Ша Караевс цхьана юкъанна къинтIера бовлар дийхира бахархошка шен белхахой къиза хьовзарна, амма и къизалла латтайора ларамза лецначу бахархошца а тIехь. 2020-чу шеран ГIадужу-баттахь Караев президентан гIоьнча хIоттийра – Гродно областан инспектор.



2020-чу шеран Марсхьокху-баттахь дуьйна Беларусан гIаланашкахь дIабоьлху президентан харжамийн жамIашна резабоцчийн гуламаш. Официало, дуккха а хьалха а волуш, тоьлла лору Лукашенко Александр. Оцу жамIашна реза бац протестхой, цара харжамашкахь тоьлла президент лара еза Тихановская Светлана, боху. Тихановскаяс дош делла керла, маьрша харжамаш дIабахьа.
Европан Бартан мехкаша, Британино, Цхьанатоьхначу Штаташа, Канадас лигитимехь ца лору Лукашенко, санкцеш яьхна Беларусан Iедалхошна дуьхьал, кхайкхамаш бо керла харжамаш дIабахьаре.
Караев вина 1966-чу шеран Мангал-беттан 21-чохь БуьритIехь. 1987-чу шарахь цо чекхъяьккхина Саратовра тIеман буьйранчийн доьшийла, эскарехь хилла Могилев гIалахь, цул тIаьхьа хилла Советан пачхьалкхан Минскерчу Чоьхьарчу гIуллакхийн оперативан полкехь. ТIом бина цо Ломан Карабахехь. 1992-1994 шерашкахь лаьттина Беларусин чоьхьарчу гIуллакхийн лерринчу ницкъийн Iамораш дIахьочу ротин коьртехь.





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net