Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Март
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
14
15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 31.03.2021

Израиль кхера оьшуш яц "нохчийн террористех", аьлла Кадыровс

Radiomarsho.com 

Израилан кхерамзаллин кхеташоно шайн пачхьалкхерчу бахархошна кхераме ду Нохчийчу баха, цигахь царна террорах кхерамзалла яц аьлла бина сацам ца тайна Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Цо хьоьху Израилна "цхьаьннан кийтарлонех цатешар", ткъа кхерамзаллин кхеташоне доьху "боцуш болу нохчийн террористаш" а буьйцуш, халкъ кхера цадар. Оцу хьокъехь Кадыровс яздина шен телеграм-каналехь. Цо бохург меттигерчу телеканалехула тIечIагIдина Нохчийчуьрчу жуьгтийн диаспорин лидеро Юнаев Моисейс а. Читать дальше...

Кадыров Рамзана а, цуьнан йишин кIанта а эцна Бузова Ольгин инстаграмме язбелларш

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхо а, цуьнан гергарнаш а - мехкан некъан инспекцин буьйранча Черхигов Идрис, кхиберш – бу телевиденин программа лелорхочо, эшаршлакхархочо Бузова Ольгас шен инстаграм-аккаунтехь машен къовсучу рекламе баьхна. Социалан машанерчу церан аккаунте язбала кхойкху нах, кхоже йиллина BMW машен. Къовсамехь дакъалоцучарна язбала кховдийначу 134 инстаграм-аккаунташлахь ю, масала, дукха хан йоццуш Кадыровс Швецера Нохчийчу дIавигинчу, "Ахмат" клубе дIахIоттийначу UFC-латархочун Чимаев Хьамзатан аккаунт а. Читать дальше...

Нохчийчоь низамех мукъа территори ю боху Вашингтоно

Radiomarsho.com 

Цхьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департамент: Нохчийчоь Оьрсийчуьрчу Iедалан тергонера яьлла; Европан адамийн бакъонехула кхело Оьрсийчоь декхарейина Дагестанехь вийначу шина вешин дена 120 000 евро дала; Украинехь кхело тIечIачIбина гIебартойн ММА-н латархо Оьрсийчоьне дIавала бина сацам



Оьрсийчоьнан дипмиссин ши белхахо араваьккхина Италера

Radiomarsho.com 

Италин арахьарчу гIуллакхийн министра Ди Майо Луиджис дIахьедина, ша Оьрсийчоьнан векалга Разов Сергейга хаийтина хилар Оьрсийчоьнан дипломатийн миссин юкъара ши белхахо аравоккхуш хиларх лаьцна. Цунах лаьцна хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо. Хьалхо Оьрсийчоьнан векалалло бакъдира Римехь Оьрсийчоьнан тIеман атташен аппаратера стаг лацар, хилларг шаьш къастош хилар а хоуьйтуш. Зазадоккху-беттан 31-хь хиира Римерчу векалаллехь болх беш волу оьрсийн эпсар а, Италин ХIордан тIеман ницкъийн капитан а лаьцна хилар... Читать дальше...

18 миллион соьмана машенаш екъна Кадыровс латархошна

Radiomarsho.com 

18 миллион соьмана эцна Mercedes-Benz машенаш совгIатна елла Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхаа спортхочунна. Цо бахарехь, совгIаташ эца ахча делла Кадыров Ахьмадан цIархчу Фондо. Белхалойн алапашна тIера лаамза дIагулдечу ахчанашца юзуш ю Фонд аьлла, масийттазза яздира хаамийн гIирсашкахь.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департамент: Нохчийчоь Оьрсийчуьрчу Iедалан тергонера яьлла

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто ша шарахь цкъа арахьарчу мехкашкахь адамийн бакъонашца долу хьал довзуьйту артикл арахецна. Оьрсийчоьнах лаьцна ю 72 агIо, 48-зза хьахийна Нохчийчоь. Вашингтоно билгалдоккху федералан Iедало республикерчу куьйгалхойн гIуллакхашна тIехь ен терго ледара хилар. 2020-чу шарахь Нохчийчохь низамаш талхор гойтуш, Пачхьалкхан департаменто довзуьйту, кхеле девнаш а кхачонза, наханна тIехь дина таIзарш, ЛГБТ-н могIаршкара нах хьийзор, журналисташна тIейаткъамаш бар... Читать дальше...

Меркела а, Макрона а дехна Путине Навальныйн могашалла гал цаяккхар

Radiomarsho.com 

ВидеозIенехула къамелаш хилла Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран Германин канцлерца Меркель Ангелица а, Францин президентца Макрон Эммануэльца а. Къамелехь Германин а, Францин а лидерша кхайкхам бина Путин Владимире шен политикан оппонентан-оппозиционеран Навальный Алексейн могашалла гал цаялийтар. Оцу хьокъехь хаам бина Францин президентан пресс-векалто. "Партнерашца айдинчу хаттарца доьзна, долчу хьолах лаьцна оьшшу информаци елла", — боху Кремлерчу хаамо. Хилла къамел ма-дарра довзуьйтуш дац. Читать дальше...

Италехь хIордан ницкъийн капитан лаьцна Оьрсийчоьнехьа шпионалла лелорна

Radiomarsho.com 

Римехь хIордан ницкъийн капитан лаьцна Оьрсийчоьнехьа цо шпионалла лелорах йолчу шеконца. Инарла штабехь болх беш хилла иза, къайлахчу информацина тIекхочийла а долуш. Цуьнца цхьаьна лаьцна Оьрсийчоьнан эскархо а, цуьнан дипломатин статус зуьйш ю карарчу хенахь. Оцу хьокъехь хаам баржийна La Repubblica газето. Лецарш нисделла италхочо Оьрсийчуьрчуьнга къайленийн кехаташ дIаделча. Капитан тIекхочийла долуш хилла Италин эскарийн а, хIордан ницкъийн а, НАТО-н белхан а информацина. la Repubblica газето бахарехь прецедент йоцу хилам бу иза ... Читать дальше...

Украинехь кхело тIечIачIбина гIебартойн ММА-н латархо Оьрсийчоьне дIавала бина сацам

Radiomarsho.com 

Украинерчу Чернигов-мехкан аппеляцин кхело тIечIагIбина хьалхарчу инстанцино Инарла прокуратурин дехарца ийначу латаршкахь дакъалоцуш волу гIебарто, 38 шо долу Ширухов Адам Оьрсийчу юхахьажо бина сацам. Хьалхо билгалделира Украинан прокуратуро цунна экстрадици Оьрсийчоьнан прокуратурин дехарца еш хилар. Хаамо бохура, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин ГIебарта-Балкхаройчоьнан урхалло Шируховна дуьхьал бехктакхам айбина цо "арахьарчу пачхьалкхан территори тIерачу тIеман тобанехь дакъалацарна". Оьрсийчоьно тIекарло ечу... Читать дальше...

Европан адамийн бакъонехула йолчу кхело Оьрсийчоь декхарейина Дагестанехь вийначу шина вешин дена 120 000 евро дала

Radiomarsho.com 

Европан адамийн бакънашкахула йолчу кхело (ECHR) Оьрсийчоь декхарейина 120 эзар евро дала (10 миллион сов сом) Дагестанехь вийначу шина вешин-жаIуйн ГасангусейновгIеран дена. Уьш байъира 2016-чу шарахь, полисхоша даржийра, шаьш террорхой хIаллакбина аьлла, амма гергарчара кхелехула юхаяккхийтира и ирча цIе - реабилитаци яйтира. ХIинца цара тIедожадо Iедална кегий нах байъинарш кхеле озор. Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамо билгалдоккху Оьрсийчоьнан Iедало шина вешин ваха йолу бакъо йохийна хилар. Читать дальше...

Израила юкъатоьхна Нохчийчоь шайн махкахошна кхераме йолчу меттигашна

Radiomarsho.com 

Израилан кхерамазаллин кхеташоно юкъатоьхна Нохчийчоь шайн махкахошна терроран кхерам болчу меттигашна хаам бо Радио Свободано. ХIора шарахь карладоккху арахецначу карти тIехь Нохчийн республика гайтина ю "вуно лакхара баккъалла а кхераме" йолу регион санна. Иштта хаам беш бу Израилан террорна дуьхьал йолчу бюроно махкахошна хьехар дина хиларх лаьцна, оцу регионе а, ткъа иштта Нохчийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а шина а агIор дозанца йолчу меттигашка а баха оьшуш дац аьлла.   Цу хаамна дуьхала... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Полина Гагарина — про уход на пенсию и особые способности Сергея Лазарева


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Андрей Рублёв

Рублев о победе на "Мастерсе" в Мадриде: у меня нет слов


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Ежемесячную денежную выплату получают более 1,6 млн пострадавших от радиации





Путин в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о героях нашего времени


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Польский судья приехал в Минск и попросил защиты у Лукашенко




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Филипп Киркоров

«Это было гениально!»: красноярец Илья Соболев спародировал Киркорова – Филипп оценил



Москва

Добро пожаловать: «Ростелеком» представил облачное решение для управления гостиничным бизнесом

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net