Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Июль
2020

Нах байъа бина барт Iорабаьллачул тIаьхьа. ХIун ду хууш Венехь вийначу блогерах, Кадыровн критиках лаьцна?

0

Вена гIалин йистехь коьртах герз тоьхна вийна Нохчийчуьра схьаваьлла Умаров Мамихан. Политикан мухIажир лору кехат а долуш, Австрехь вехара иза 2005-чу шарахь дуьйна. Документашца вара иза Beck Martin.

Ичкерин заманахь, 1998 шарахь дуьйна цо болх бина мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь талламчин даржехь. Ша цо билгалдоккхура, ша пачхьалкхан ШариIатан кхерамзаллин министраллин белхахо вара, олий.

Вевзара Умаров Мамихан "Венера Анзор" цIарца. Гоьвелира иза цхьа хан хьалха, цо Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутатан Делимханов Адаман озах тера аз долчу стагаца ша дина къамел Украинерчу хаамийн гIирсашкахула довзийтича. Умаровс динчу тоьшаллица, Украинера бIаьхой-нохчий, батальонан буьйранча Осмаев Адам а, цуьнан зуда Окуева Амина а, мехкан Лакхарчу Радин депутат Мосийчук Игор а мехах хIаллакбан бартбеш ву цуьнца телефонехула къамелдийриг.

Окуева Амина ер толлуш, коьрта теш ларалора Умаров. Амма Украино ца елира цунна Киеве кхача, талламчашца цхьаьнакхета бакъо. Оцу хьокъехь "Кавказ.Реалиига" дийцира Мосийчука. Цо хIетахь шен интервьюхь ца яьккхира Умаровн цIе, дозан "Тиса" меттехула Украине кхача араваьлла "цхьа нохчо, Австрин вахархо, ца валийтина дозанал чоьхьа, ткъа иза Окуева Амина ер толлучохь коьрта теш ву", - бохура Мосийчука.

"Венера Анзор" олий вуьйлура Умаров YouTube-хь а, социалан машанашкахь а ша наханна дечу къамелашка. Дукха хьолехь цо довзуьйтура Нохчийчохь тахана куьйгаллехь болчу нахаца шен хилла къайлаха къамелаш. Даима а санна, оцу къамелийн коьрта тема хуьлура Европера цхьаъ я важа нохчийн лидер верах лоций.

ТIаьххьара шен видео-къамел Умаров Мамихана YouTube диллина кху беттан шолгIачу дийнахь. Оцу чохь цо гойту жIов – дагадоуьйту дукха хан йоццуш вевзаш волчу нохчийн блогерна Абдурахманов Тумсона кIелояр. YouTube – канале ехкина "Венерчу Анзора" 29 видеокийсак.

Умаровн видео-къамелийн коьрта башхалла яра цо Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане я цунах, цуьнан гергарчех, гонах лаьцна вистхуьлуш оьзда боцу мотт лелор.

Венин полицина хетарехь, вийна Умаров политика бахьанехь. Цундела дов талла долондерг а ю, гарехь, Австрин Конституци ларъяран а, терроризмаца къийсам латторан а урхалла – цо толлу пачхьалкханна лаккхара кхерам бохьуш долу зулам. 

"Кавказ.Реалиин" хьосташа дийцарехь, Австрин Iедало тергоне эцна вара Умаров: цуьнан петар ларъеш яра полицино. Ткъа иза оццул ларвешшехь веро сий ца айдо Австрин Iедалан. Делахь а, цкъачунна пачхьалкхо дина дац зулам бахьанехь дIахьедар.

Умаров Мамиханна герз тоьхнарг лаьцна Венина 185 километр юстах – Линц гIалахь. Дийцарехь, нохчо ву иза.

Политикаца доьзна шозлагIа политэмигрант вийна Венехь. 2009-чу шеран Дечкен-беттан 13-чу дийнахь цигахь вийра Кадыров Рамзанан ханехь болх бина Исраилов Iумар. 2011-чу шарахь Австрин кхело оьмар кхачаяллалц набахтехь кхаба сацам бира зуламхочунна, хийцинчу цIарах Отто Кальтенбруннер аьлла вевзачу нохчочунна. Кхечу шинна – Дадаев Сулиманна а, Ешеркаев Турпал-Iелина а – тоьхна хенаш яра 19 а, 16 а шераш.

Умаров вер – иза политикаца доьзна Европера нохчий бойъучу боламан лар ю.

ТIаьххьарчу заманах аьлча, дагалаца догIу Швецехь Чиллан-беттан 26-чу дийнахь нохчийн блогерна Абдурахмановна кIело яр, жIаьвнаца тIелеттачу стага чевнаш яр. Амма Абдурахмановн аьтто белира тIелеттарг сацо а, иза полицин каравала а. Стохка Зазадоккху-баттахь Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада чIир кхайкхийра Абдурахмановна.

Чиллан-баттахь Францерчу Лилль гIалахь вийна карийра Алиев Iимран ("Мансур-Къано" - "Мансур Старый"). 135 чов йинера цунна урс диттина. Меттигерчу полицино иза верца доьзна шеконе эцна ву цкъачунна вовзуьйтуш воцу "Нохчийчохь веха Оьрсийчоьнан вахархо". Хаамийн гIирсаша юха а зуламан IиндагIа кIел ийцира Кадыровн го.






Загрузка...


Губернаторы России
Москва

Собянин перечислил самые популярные виды туризма в Москве


Спорт в России и мире
Москва

На площадках «Московских сезонов» работают шесть скейт-парков и роллердром


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Соболенко вышла в полуфинал турнира WTA-1000 в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

В России замечен доступный кроссовер по цене Lada Granta: что о нем известно?





Путин в России и мире
Москва

Путин проведет встречу с членами правительства на следующей неделе


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Русских заявил о субсидировании новых авиарейсов до Минска




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Queen

White Queen Birthday party «Королева морей»



Москва

Южный вестибюль станции Московского метрополитена Ленинский проспект

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net