123ru.net
World News in Chechen
Июль
2020

Новости за 07.07.2020

ДаIишхо – набахте, Нурмагомедовн юрт, Францехь гайтина турпалалла

Radiomarsho.com 

ДаIишхойн могIарш дузарна а, терроризм бакъярна а 8 шо хан тоьхна Нохчийчуьрчу вахархочунна; UFC-н чемпионан Нурмагомедов Хьабибан да ваьхначу юьртан цуьнан цIе тилла хьийза Дагестанехь; Францерчу Лаваль гIалахь нохxийн мухIажаро кIелхьарваьккхина балконах тасавелла францхо

"ЧIогIа лазаме ду тхуна иза". Кавказан тIамехь тоьллачу оьрсийн салташна хIотточу хIолламан хьокъехь

Radiomarsho.com 

Краснодар-махкарчу Адлерна гергахь "Оьрсийн салтийн хьуьнаран монумент" хIотто проект кечъярца сингаттам боссийна чергазийн дегнаш чу Iедало, хаам бо "Кавказ.Реалиино". "Пропагандин хIоллам", ткъа иза хIоттор – питана, иштта го проектан мах адыгашна. Сочи гIалин администрацино шен сайте хIоттийра проектан сурт байначу беттан 30-чу дийнахь, амма хIинца дац иза цу тIехь. Iедало юьхьарлаьцначу Iалашонан хьокъехь яздина "Кавказский узел" портало. " Iаьржачу хIордан Адлер йистонца 1837 шарахь йиллинчу... Читать дальше...

Францерчу Лавалехь балконах тасавелла воллу меттигера вахархо кIелхьарваьккхина нохчочо

Radiomarsho.com 

Францин Малхбузерчу Лаваль гIаларчу гIишлон 8-чу гIаттан балконах чукхозуш хилла меттигера вахархо кIелхьарваьккхина Нохчийчуьрчу мухIажаро. Цунах лаьцнадийцина кху деношкахь меттигерчу хаамийн гIирсаша. Ouest France  орбан гIирсо бахарехь, инцидент нисъелла Сен-Николас олучу кIоштарчу Лаваль гIалахь байначу беттан 26-чу дийнахь. Буьйсанна 11 сахьт даьллачу хенахь шен балкона тIехь висинера меттигера вахархо, неIарш а къовлаелла. Луларчу балкона тIехула охьавосса гIоьртинера иза ша, амма цунах аьтто ца баьлла, перилех тасавеллачохь висинера. Читать дальше...



Нурмагомедов Хьабибан ден цIе тилла дагахь бу Дагестанерчу юьртана

Radiomarsho.com 

UFC-н чемпион волчу Нурмагомедов Хьабибан да, тренер Нурмагомедов Iабдулманап ваьхначу Кизилюртан-кIоштарчу Кироваул эвлана цуьнан цIе тиллар дийцаредо Дагестанехь. Шинарин дийнахь яздо цунах лаьцна РБК агенталло, юьртден Давудов Магомедрасулан информацина тIе а тевжина. "Тхо тезетахь ду. Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу гIаланашкара нах бу схьаоьхуш. ТIаьхьо юьртахойх дага а девлла, Кироваул Манап аьлла, хийца дагахь ду тхо", - аьлла хаамийн гIирсе хьаькамо. Карладоккху, спортхо, массех дуьненан чемпион-латархо... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказ: COVID-19 вирусах 12 велла, ун даьлла 333 стагана

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь коронавирусан уьнах велла 12 пациент, вирус къаьстина кхин а  333 стагаца. Эпидеми ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу штабан зерашца, Дагестанехь кхелхина - виъ пациент,  ГIебарта Балкхаройчохь -кхоъ, Ставрополан кIоштахь – шиъ, Краснодаран махкахь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а – цхьацца кхелхина. Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла COVID-19 вирусах 831 дархо. Къаьсттина дукха нах билгалбевлла коронавирусан инфекцица Ставрополан кIоштахь – 79 стаг:... Читать дальше...

Венера Анзор вер: нохчийн диаспоро митинг хIоттош ю Оьрсийчоьнан векалаллина хьалха

Radiomarsho.com 

Умаров Мамихан верца карзахъяьлла Венера нохчий диаспора Оьрсийчоьнан векалаллина хьалха тахана митинг хIотто дагахь ю. Цунах лаьцна яздо Deutsche Welle зорбан гIирсо. Митинг вовшахтоьхнарг ву Австрехь йолчу нохчийн синбахамаллин центран координатор, Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь дакъалаьцна, Масхадов Асланан хилла адъютант Исханов Хьусейн. Цо бахарехь, митинган декъашхоша тIедожор ду Оьрсийчоьнан Iедалшна "Европехь политикан буха тIехь нах байар" дитар. Оцу бахьанашца вийна 2009-чу шарахь Венехь Исраилов Iумар а... Читать дальше...

Нохчийчохь лаьцначу Джикаеван гергарчарна иза гойтуш яц

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь дIалаьцна СИЗО-хь латточу Къилбаседа ХIирийчуьрчу блогеран Джикаева Маликин гергарчеран аьтто бац иза ган, бакъо луш ца хиларна. Оршотан дийнахь бина цунах лаьцна хаам Кавказ.Реалиино, "Кавказский узел" зорбан гIирсана тIе а тевжаш. "Изолятор чохь халахетарш до шена, амма мамина ма хаийта аьлла, кехат даийтинера цо. ГIад дайначу цо ша шена тIе куьг даьхьна хила тарло. Тхойшиннан къамел хилла дац, я телефонехула йистхилла а яц, гина а яц суна иза, дерриг а хаа. Талламчаша бакъо ца ло цуьнца цхьаьнакхета. Читать дальше...

Абдурахманов Тумсос дуьйцу Венехь нохчийн блогер Умаров верах лаьцна

Radiomarsho.com 

Нохчийн блогер Умаров Мамихан вийна Австрехь Товбеца-беттан 4-чохь. Австрехь шолгIа нисделла Кадыровн критик оцу кепера вер. 2009-чу шарахь Венехь тапча тоьхна вийра Нохчийчоьнан куьйгалхо ларвархо хилла Исраилов Iумар. Умаров Мамихан верах лаьцна шена хетарг дуьйцу Чиллан-баттахь Швецехь ша а тIелатар лайначу нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос.

Британино санкцеш кхайкхийна Оьрсийчоьнна а, Къилбаседа Корейна а дуьхьал

Radiomarsho.com 

Адамийн бакъонаш Iалаш ца ечу пачхьалкхашна – СаIудийн Iарбийчоьнна а, Оьрсийчоьнна а, Мьянмана а, Къилбаседа Корейна а дуьхьал санкцеш йохуш ю аьлла, дIахьедина Британин арахьарчу гIуллакхийн министро Рааб Доминика. Таджикийн Озоди сервисо бина цунах лаьцна хаам. Оршотан дийнахь Британин куьйгалло кхайкхийначу барамашца, оцу пачхьалкхийн векалшна цу махка доьлху некъаш доьхкур ду. Цу кепашца, Брекзит хиллачул тIаьхьа, Лондоно дуьххьара гойтуш ду, адамийн бакъонаш йохочарна шаьш таIзар дан гуьнахь хилар. Читать дальше...

Кадыровна критика йинарг вер толлуш ду Австрехь

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна критика ярца вевзаш хилла Умаров Мамихан (Бек Мартин) вер политикица доьзна ду я дац толлур ду Австрин прокуратуро. Иза вийра Вена гIалин йистехь шоьтан сарахь. Куьгбехке хиларх шеко йолуш лаьцна ву 2 стаг.

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Москвахь COVID-19 вирусах велла 20 сов стаг

Radiomarsho.com 

Москварчу эпидемина дуьхьало латто вовшахтоьхначу штабо шен Telegram-каналехь дIахьедарца, цу шахьарехь коронавирусан инфекцех а, пневмоних а кхелхина 24 стаг. Кхул хьалха яхначу буса а, дийнахь а уьнах велларг 22 стаг вара, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Эпидеми яьржичхьана Москвахь COVID-19 вирусах велла оршотан суьйранна Iорадаьхначу зерашца, 3 999 пациент. Ерриг а пачхьалкхехь кхелхина 10 эзар 300 гергга стаг. Ун даьржичхьана Оьрсийчохь инфекци хьакхаелира 700 эзар гергга стагах. Москварчу Iедалхоша далийначу терахьашца... Читать дальше...

ДаIишхой а, терроризм а бакъярна бехк тIехь бити Нохчийчуьрчу вахархочунна

Radiomarsho.com 

ГIаттамхойн могIарш дузарна а, терроризм бакъярна а аьлла, Нохчийчоьнан вахархочунна Арсанухаев Эйдина набахтехь даккха тоьхна бархI шо хийцам боцуш дитина тIеман Апелляцин кхело. "Кавказский узел" агенталло яздарехь, Зазадокху-беттан 19-чохь Ростоверчу тIеман кхело шогачу хьелашкахь даккхийта 8 шо хан туьйхира Арсанухаевна, шен юьртахой "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн могIаршка ийзарна. Иза бехкехилар тIечIагIданза дисира, иштта могушалла ледара йолуш а хиллера иза аьлла, дIахьедира цуьнан адвокато. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

RU.TV превращает Русскую Музыкальную Премию в Мюзикл


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Елена Рыбакина рассказала о проблемах со здоровьем


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Московскую компанию заподозрили в хищении 103 млн рублей при реализации нацпроекта в Орле





Путин в России и мире
Москва

Владимир Путин поздравил ветеранов с 50-летием начала строительства Байкало-Амурской магистрали


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко убежден, что белорусы «никогда еще так хорошо не жили»




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Во Франции назвали бредом слова Зеленского про угрозу Путина Европе


Навальный в России и мире
Москва

Священнику, отпевавшего Навального, запретили носить рясу и крест



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Стас Пьеха

«В чем угодно, только не в красных стрингах!» Стас Пьеха рассказал о фотосессии на «Фабрике звезд» в шоу «УТРО. ТНТ»



Москва

Якутский борец Лев Павлов вышел в финал первенства России

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net