Къилбаседа Кавказехь ницкъ лайнарш кIелхьарабахарх доклад арахецна бакъоларйархоша
2023 шарахь болх бан йолайеллачу Ad Rem проекто шайн дуьххьара доклад арахецна, доьзалехь ницкъ лайна нах кIелхьарбахарх лаьцна – Дагестанехь, ГIалгIайчохь, Нохчийчохь бина цара и белхаш. Къилбаседа Кавказехь оцу балханна новкъарло йеш йолу факторш йийцина цара. Талламехь 12 зен хиллачу наха дакъа лаьцна, 16 эвакуацин волонтераш-дакъашхоша а, доьзалехь ницкъ лайначаьрца болх барехула пхеа эксперто а. Билгалдаьлла, доккхачу декъанна, орца доьхург 18-30 шераш долу зударий бу, марехь болуш, йа хиланза. Читать дальше...